Масех де хьалха Нохчийн пачхьалкхан университетера 500 студент Соьлжа-ГIалин урамашкахула 3000 метр геналле ведира. Кхиамца финише кхаьчначаьрга дехна ГТО-н (къинхьегамна а, оборонна а кийча) коьрта нормативаш д1аялар. Царна оцу Iалашонца Соьлжа-ГIаларчу тIеман суворовски училищера спортан майданаш къастийна.
Иштта, Соьлжа-ГIалин мэрин, Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон, физически культурин а, спортан а министерствон векалшна, спортан клубийн куьйгалхошна, кхечу регионашкарчу делегацешна лерина Ерригроссин проектан авторша дIаяьхьира «ГТО-н студин» болх дIаболорехула планови Iаморан сесси. Иза тIехьажийна ю ГТО-н комплекс кхочушъярна тренировкаш ярна алссам студенташ юкъаозорна. Нормативаш кхиамца дIаяла Iама луучарна лерина хIора дийнахь дIахьур ю леррина йолу тренировкаш.
Турника тIехь дегI хьалаайбар, геналла а, лакхалла а кхийсадалар, чехка довдар – и дерриге а дан таро хилира студентийн. И дарца царна хиира шайгахь мел хьуьнар ду, ницкъ бу. Цара дика жамIаш а гайтира. Ша лаьттачуьра геналла кхоссаваларехь цхьаболчара гайтина жамI 2 метр 88 сантиметр дара. Турника тIехь 33-зза дегI айбинарш бара, бIе метр 12,2 секундехь веддарг а вара. Шеко йоццуш, лаккхара гайтамаш бу уьш.
«Студенты ГТО» Ерригроссин проект, бакъонца, студенташна шайн таронаш, хьуьнарш гучудаха, шайн могашалла чIагIъян, дахарехь жигара хила дика таронаш ю. Царах вайн студенташа, кегийрхоша шуьйра пайда эца а беза.
«Студенты ГТО» проект кхочушъяр дIахьош ду Нохчийн пачхьалкхан университетан студентийн цхьаьнакхетараллин гIуллакхалла 2015-чу шарахь кхиоран программин гурашкахь. Цуьнан Iалашо ю республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон а, физически культурин а, спортан а министерствон а, Соьлжа-ГIалин мэрин а гIоьнца «Къинхьегамна а, оборонна а кийча ву» комплекс кхочушъяран гIуллакх кегийрхошна юкъахь шуьйра даржор, цуьнга марзо кхоллар.
Гуш ма-хиллара, оцу мехалчу гIуллакхан юьхь вон яц, хьалхара кхиамаш а дика бу. Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан.
Хь.САИДОВ
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо