Хьалха оха хаам бина ма-хиллара, Соьлжа-ГIалара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу проспект, «Минутка» майданна тIера Калининан урамна тIекхаччалц, тойина, шорйина, хазйина, къагийна, керлачу куьце ерзийна дIахIотторан белхаш бу хIокху шарахь дIабахьа безаш. Уьш дIаболорна хIинцале беш кечамаш бу.

Цаьрга хьажа а, хьолан мах хадо а вахара хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса.
Карарчу хенахь цигахь жигара дIахьош бу гIашлойн некъа тIера шира экъанаш, бордюрийн чхараш, серлонан бIогIамаш, ширъелла коммуникацеш хийцаран, къанделла дитташ дIадахаран, нехаш дIакхехьаран, кхидолу белхаш.
Цигахь бан леринчу белхийн проектаца нийса а догIуш, дIахьур ду дIаяьккхинчу экъанийн метта керла экъанаш яхкар, серлонан керла бIогIамаш хIиттор, синтарш дегIар, хаза гIанташ хIиттор, кхидолу гIуллакхаш дар.
Мэрин куьйгалла реза хилира, тахана, кхузахь беш болчу балхана, белхалойн дог-ойланна. Уьш шайна тIедехкина декхарш сиха а, дика а кхочушдеш, белхан хенах эвсараллица пайдаоьцуш бу.

Белхаш дIаболийна дукха хан яцахь а, уьш хIинцале дуккха а гIуллакхаш дан ларийна.
«Вайн коьрта декхар ду гIалахойн дахаран хьелаш аьхна, ерриге а бегIийлаш йолуш хилийтар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана белла боккха тешам ларбар а», – бохура I.Хаджимурадовс.
И декхар кхочушдархьама а, тешам ларбархьама а, де-буьйса ца лоьруш, доггаха къахьега дезаш хилар билгалдаьккхира цо.
ГIалин мэран хьалхарчу заместитела Абдулаев Мансура тидам тIебахийтира урамаш, проспекташ тойина, хазйина дIахIиттор хIокху шеран мехалчу гIуллакхех цхьаъ хиларна.
Цундела, цунна хетарехь, белхан боларш лахдан йиш яц. ТIедехкина декхарш шен хеннахь а, лаккхарчу дикаллица а кхочушдан деза. Цунна оьшуш долу дерриге а хьелаш кхоьллина. Юьззина кхачо йина оьшуш болчу белхан гIирсашца, коьчалшца, техникица, кхечуьнца.
Дагадоуьйту вайн пачхьенера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу проспект тоеш-хазъяран белхаш «ГIалин бегIийла хьелаш кхоллар», «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман а, федеральни а проекташ кхочушъяран гурашкахь дIахьош хилар.
Д.ПАШАЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де