Россин педиатрийн конкурсехь тоьлла Берийн клиникин республикин больница

Соьлжа-ГӀалахь дӀахьош хиллачу Ӏилманан-практикин конференцехь цхьаьнакхеттера Къилбаседа-Кавказан федеральни округан тоьлла берийн лоьраш.

«COVID-19 ун даьржачу муьрехь берийн тергояран башхаллаш» аьллачу темина лерина яра конференци.

Цигахь дакъалоцуш яра Россин педиатрийн Союзан председатель, Россин академин академик Намазова-Баранова Лейла а, Россехь дика бевзаш болу лоьраш-говзанчаш а.

Конференцин дакъалацархошка, хьешашка маршаллин дош элира Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана.

Цо билгалдаьккхира вайн республикин берийн лоьрийн COVID-19 ун хьакхаделлачу берашца болх барехь докха зеделларг хилар.

«Е.П.Глинкин цӀарах йолу Берийн клиникин республикин больницина Россин педиатрийн Союзо дӀаяьхьна хиллачу конкурсан «Педиатрин профилан медицинин организаци – 2019» аьллачу номинацехь тоьлла хилар хьесапе а эцна, толамхойн сий деш керла седа юкъабаьккхина. Нохчийн Республикин педиатрин служба кхиорехь бӀаьрла кхиамаш баьхначу лоьрашна и билгало совгӀатана яларан ламаст хилла дӀагӀур ду кхул тӀаьхьа», – хаам бира Э.Сулеймановс.

Министр Сулейманов Эльхан а, министерствон Ноналлин а, бераллин а департаментан директор Саратова Элита а оцу седанца совгIат дина дуьххьарлера лоьраш бу лараме кхаьчначарах.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: