«Музейхь – дарсаш» а, «Театрехь – дарсаш» а программа дIайолийна

Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместителан Кадырова Iайшатан дIадолорца, «Культурин хьаьрма» программин гурашкахь дӀаяьхьира Соьлжа-ГӀалахь берашна лерина «Музейхь – дарсаш» а, «Театрехь – дарсаш» а программа.

Музейхь дIадаьхьна хьалхара дарс лерина дара дуьненахь а вевзаш хиллачу суртдиллархочунна, академикана Захаров Петрана.

Цигахь дакъалоцуш яра оцу программин автор Кадырова Iайшат а, Х.Нурадиловн цIарахчу Къоман театран директор Ахмадова Хьава а, пачхьенерчу школийн дешархой а.

Нохчийн къоман театран актераша спектаклан кийсак гайтира, коьрта турпалхо Захаров а волуш.

Суртдиллархочун заманахь ваьхначу гIараваьллачу суртдиллархочуьнца Айвазовский Иванаца а, поэтаца Лермонтов Михаилца а вайн махкахочун доттагIалла тасадаларан сурт дара актераша хIоттийнарг. Иштта, Захаровн суьрташ а дара гайтаме дехкина.

Цул тIаьхьа, Купер Юрийн гайтамехь дакъалаьцначу бераша дехкинчу суьртех терра модин «Фирдавс» цIийно тегна свитерш яларца, берашна совгӀаташ дира Кадырова Ӏайшата.

Иштта, А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь а дIаяьхьира дарсийн программа.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.

I.Шахбулатовн цIарахчу филармонин оркестран мукъам тIаьхьабалош, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Умаев Рамзана поэтан М.Лермонтовн «Мцыри» поэма йийшира хьалхарчу дарсехь.

Берашна дуьххьара гуш дара мукъам тIаьхьабалош поэма йоьшуш. Тамашийна сурт хIотталора, цуьнга ладуьгIуш. Актеран корматаллехь а дуьххьара дара, оцу кепара поэма ешар.

Цул тIаьхьа дарсийн программа Нохчийн къоман театрехь а дIаяьхьира. Театран артисташа оьрсийн литературин классикан А.Чеховн дийцаршна тIехь хIоттийна «Хамелеон» спектакль гайтира.

Нохчийн халкъана дукхабезчу актераша ролаш ловзийра оцу спектаклехь. Царна юкъахь вара Россин Федерацин хьакъволу актер Джамаев Iимран, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Атаев Мовсар, иштта кхиберш а.

«Хамелеон» спектакле, пачхьенан къоначу бахархошца цхьаьна, «Культурин хьаьрма» программин автор йолу Кадырова Iайшат а хьаьжира.

Музейхь, библиотекехь, театрехь дуьххьара дIадаьхьна оцу тIегIанехь дарсаш. Чиллин (февраль) беттан 10-чуй, 17-чуй, 24-чуй деношкахь а дIахьур ду уьш.

Нохчийн Республикин культурин министерство «Культурин хьаьрма» программа кхочушъярехь цхьаьна болх дIабахьа лерина ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца.

Школийн директоршна а, классийн куьйгалхошна а йовзуьйтур ю программин мехалла.

Билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместителан Кадырова Iайшатан «Культурин хьаьрма» программа юкъаяккхаран коьрта Iалашо тIекхуьучу чкъурана музейшка а, библиотекашка а, театрашка а, доцца аьлча, культуре безам кхоллар а, церан мехалла йовзийтар а хилар.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: