Министра дIадолийра къийсадаларш

Соьлжа-ГIаларчу Ахтаев Увайсан цIарахчу волейболан цIийнехь дIадаьхьира киокусинкай кепара латарехула кхиазхошний, кегийрхошний юкъахь хьалхеяккхаран Ерригроссин къийсадаларш.

Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара мехкан тайп-тайпанчу субъекташкара 200 сов тоьлла каратист.

Цига веара Нохчийн Республикин физически культурехула, спортехула, кегийрхойн политикехула волу министр Кадыров Хьамзат.

Къийсадаларийн дакъалацархошна а, хьешашна а хьалха динчу къамелехь цо билгалдаьккхира республикехь спорт когахIотторехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас доккха маьIна лелийна хилар а, цо болийна некъ боккхачу кхиамца дIакхоьхьуш Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан хилар а.

Министра аьлла ма-хиллара, Р.Кадыровс регионехь спорт а, физически культура а лаккхарчу тIегIане хьалаяьккхина. Цо цунна даггара баркалла элира спорт кхиорехь гIо дарна.

Министра, иштта, баркалла элира Нохчийн Республикин киокусинкай Ассоциацин председательна, «Ахмат Ичигеки» Академин куьйгалхочунна, гоьваьллачу спортсменна Курбанов Лечина бакъболу чемпионаш кхиорна а, хIара къийсадаларш дика вовшахтохарна а.

Спортсменашка – къийсадаларийн дакъалацархошка дIахаийтира «Ахматан схьайиллина Кубок» яккхаран ерригроссин къийсадаларшкахь церан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар.

Хь.САИДОВ
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: