Халчу новкъа – кхиаме

IMG-20150604-WA0013

Школехь доьшуш йолуш дуьйна яра Исхаджиева Таиса эшарш лакха лууш. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъалоцуш яра. Амма йоI йоккха хила йоьлча, кхуьнан дена Iелина ца товра Таисас безаш, бераллехь дуьйна юьхьарлаьцна некъ. Цундела, цкъачунна сцена йита дийзира. Шаьш дехаш-Iаш долчу Ищерскехь, юккъера школа чекхйоккхий, Таиса балха йоьду Невран кIоштарчу даьхни лелочу ферме. Масех шарахь бежнийн лоьран гIоьнча йолуш болх бо цо. ТIаккха – пищекомбинатехь. Маре йоьдий керла доьзал кхуллу вайн турпалхочо. Цуьнан кхоъ бер ду.  Таиса хIинца хIусамден фамилица лелаш ю. Парсанова Таиса ю иза. Амма мел баккхий хийцамаш шен дахарехь хиларх, сценига болу безам дIа ца болура  цуьнан ойланех хьерчачуьра. ЙогIуш, йоьдуш, ша йисинчохь иза даима цхьа мукъам беш хуьлура. Гуш дара, цуьнан сирла са хаддаза эшаршца хилар. Эххар а, 2009-чу шарахь кхочуш хилира бераллехь Таисин садиина лаам. Невран кIоштарчу Чернокозово  юьртахь Культурин цIийнан куьйгалле хIоттийра  иза. Шена дукхадезачу кхоллараллин адамашна юкъахь яра иза хIинца. Уггаре а хьалха, Культурин цIийне балха дIахIуттушехь, Соьлжа-ГIаларчу искусствон колледже деша яхара иза. Цул сов  Невран кIошта, тайп-тайпана къаьмнаш деха район хилар тидаме эцна, гIалгIазакхийн культурин туьшан болх тобеш карлабаьккхира цо. Чернокозовехь Культурин цIийнан болх хила богIучу тIегIане хьалабаьккхина яьлча, 2013-чу шарахь Ищерская  станице сехьаяьккхира Таиса, кхузарчу Культурин цIийнан куьйгаллехь болх байта. Кегийрхой Iамабарх чекхболуш бацара кхуьнан болх. Таисина шена чIогIа лаьара эшарш лакха.

Цо жигара дакъалоцура Невран кIоштан юкъараллин дахарехь. Тайп-тайпанчу мероприятешкахь кхечу вокалисташца нийсса болх бора Таисас. Дукха хан ялале, шен  тамехь дека исбаьхьа аз бахьанехь эшаршлакхархо гIарайолу кIоштахь, махкахь, Къилбаседа Кавказехь. 2013-чу шарахь дара,  хIора шарахь Сочи-ГIалахь дIахьочу дуьненаюкъарчу фестивалехь дакъа а лаьцна, хьалхара меттиг яьккхина Парсанова Таиса цIайирзича. Цигахь дашо мидал елира цунна йиш дукха дика лакхарна. Цул сов, «чеченская Анна Герман» аьлла цIе тиллира, кхуьнан зевнечу озах цец бевллачу жюрин декъашхоша. Роберт Рождественскийн дешнаш тIехь, композитора Птичкин Евгенийc  мукъам баьккхина «Судьба» цIе йолчу фильма юкъахь хилла йолчу «Эхо любви» цIе йолу йиш яра Парсанова Таисас Сочехь хиллачу дуьненаюкъарчу фестивалехь дIалекхнарг. Вайна  ма-хаъара,  актер, режиссер хиллачу   Матвеев Евгенийс  яьккхинчу «Судьба» фильмехь Герман Аннас кхиамца дIалекхира и йиш. Кхин хIумма а цул оьшуш-м Таисас ца лекхира  и халкъана, махкана езаелла оьрсийн йиш. Цундела тиллира цунна Сочехь и башха цIе «Чеченская Анна Герман».  Бакъду, баьккхинчу кхиам тIехь саца дагахь яц иза. Сочера цIаеанчул тIаьхьа дуьненаюкъарчу кхин а цхьана  фестивалехь дакъалаьцна эшаршлакхархочо. Иза хIора шарахь Нальчикехь дIахьош йолу «Ирсан лан» цIе йолу дуьненаюкъара фестиваль яра. Иза Таисина Iаламат беркате хилира. Эстрадин эшарийн номинацехь хьалхара меттиг яьккхина, кхин цхьаъ дашо мидал йохьуш цIайирзира вайн похIме артистка. Нохчийн  маттахь, оьрсийн маттахь, иштта, боккхачу кхиамца индин маттахь дIалокху Таисас эшарш. ЛадогIархоша езаш тIеоьцу уьш. Эшарш дIалекхна Iаш ма яц иза. Ша дIалокхучу дукхах йолчу эшаршна мукъам баьккхина Таисас. Къаьсттина дика нисъелла цуьнан Катаев Iабдуллин дешнаш тIехь  мукъам баьккхина «Буйный Терек» цIе йолу йиш. Нохчийн гIалгIазакхийн бIешерийн кIоргенера схьадогIучу тешамечу доттагIаллех лаьцна ю и йиш. Ставрополехь, Iаламат боккхачу кхиамца, массо маьIIехь лоькхуьйтуш ю иза. Иштта, нохчийн бевзачу поэтийн дешнаш тIехь яьхна эшарш а кIезиг яц Парсанова Таисин репертуарехь. ТIаьхьарчу хенахь цуьнан кхоллараллин гергарло тасаделла Нохчийн Республикин халкъан поэтаца Рашидов Шаидца. Рашидовн чулацамечу байташ тIехь масех керла йиш яккха Iалашо йолуш къахьоьгуш ю иза. Таисин башха аз, къегина похIма девзинчу говзанчаша, «Нохчо» ансамбле балха кхайкхина, хIинца цигахь болх беш ю артистка. Бехачу новкъа еанехь а, тахана Парсанова Таиса дIакхаьчна ша сатийсинчу Iалашоне. Цунах йоккхаеш, кхиамца болх беш ю иза.

 

А. ДАЧАЕВА

№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: