«Ахмат» клубан векалша 13 мидал яьккхина

Къилбаседа ХIирийчоьнан коьрта шахьар йолчу Буру-ГIалахь дIадаьхьира Къилбаседа-Кавказан федеральни округехь греко-римски кепара латарехь хьалхеяккхаран къийсадаларш.

Цигахь дакъалоцуш вара хIинца а берхIиттара валаза волу ши бIе сов къона спортсмен. Уьш хIокху округана юкъайогIучу вархI регионера бара. Царна юкъахь бара Нохчийчуьрчу «Ахмат» клубера латархой а.

Оцу къийсадаларшкахь юха а шайгара говзалла, хьуьнар, доьналла, собар гайтира вайн къоначу спортсменаша. Царах веамма дашо мидал яьккхира, цхьамма дато мидал яьккхира, ткъа бархIамма йоьза мидал яьккхира.

Цу тайппана кхиамаш бахарца командашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Нохчийчоьнан векалша.

ХIокху деношкахь, 13 мидал а йохьуш, цIа кхаьчна «Ахмат» клубан латархой.

Уьш, оцу кхиамца дакъал а беш, лаьа церан кхин а бIаьрла кхиамаш а, толамаш а хуьлийла.

Хь.САЙДАЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: