Россин Федерацин хIусамийн-коммунальни бахаман министерствос хIусамийн-коммунальни бахаман хьал тодаран фондаца а, дешаран проектийн гIоьналлин «Хиндолчун стратеги» фондаца а цхьаьна хIусамийн-коммунальни бахаман ток кхооран Ерригроссин «Е-ДИКТАНТ» дIаяьхьира.

Россин ерриге а регионашкара 19 эзар стага дакъалецира оцу диктантехь, цаьрца цхьана, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан Энергетикин институтан студенташа а.
Ма-ярра йолчу эфирехь йовхонан экономикехула а, электроэнергетикехула а, хи Iалашдарехула а, Iаламан тIаьхьалонашкахула а долчу хаттаршна жоьпаш а луш, 50 тIедиллар кхочушдира диктантан дакъалацархоша.
Оцу тIедахкаршна юкъахь мультимедийни хаттарш а, фильмашна а, мультсериалашна а юкъара хаттарш а дара.
Конкурсан жамIашца уггаре а дукха баллаш Къилбаседа-Кавказан федеральни округан студенташа яьхнера, шайна юкъахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан Энергетикин институтан ши студентка Амаева Хьава а, Мусаева Мадина а йолуш.
Студенташ толаме кхачийнарг, дика доьшуш хилар а, массо а хIуманна духе кхиа гIерташ хилар а дара.
Цул сов, онлайн-рожехь дIахьочу конкурсехь нийса жоп даларал сов, массарал а хьалха жоп дала дезаш а дара.
Ши йоI цу тIехь дика лара а йира. Ерригроссин диктантехь толам баккхар, Амаева Хьавана а, Мусаева Мадинина а санна, институтана а боккха юьхькIам бу.
ВЕГИЕВА Макка
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де