Ахмадов Муса: «ЦIеначу нийятца со новкъа ваьлла»

Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан 65 шо кхачар билгалдоккхуш «ЦӀеначу нийятца со новкъа ваьлла» кхоллараллин суьйре дIаяьхьира А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь.

Мусан книгийн гайтамца кечйина зал юьзна яра цуьнан кхолларалла дукхаезачу нахах.

Суьйре дӀахьош волчу Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас хьалхара дош Нохчийн Республикин Куьйгалхочун шуьйрачу хаамийн гӀирсашкахула волчу хьехамчина Ельсаев Iаламахьадана делира. Яздархочун адамаллин агIонех лаьцна дийцира цо.

Ахмадов Мусан уллера доттагӀ а, Нохчийн Республикин халкъан яздархо а волчу Бексултанов Мусас а дагалецира шаьшиъ вовзар.

«ГIалахь, студентийн юкъарIойлехь вевзина ву тхойшиъ. Мусас чIогIа гIо дина суна. ХIара дика «организатор» ву. «Пхьармат» литературин цхьаьнакхетаралла вовшахтоьхначарах цхьаъ ву Муса. Драматургин декъехула а къахьегна, кхиамаш хилла а ву. Берашна лерина а дукха хIуманаш язйина хIокхо. Вайн литературехь доккха дакъа дӀалоцуш ю Мусан кхолларалла», – билгалдаьккхира М.Бексултановс.

Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс доцца а, чулацаме а элира Мусан кхоллараллах: «Сан дика накъост ву Муса. Нохчийчохь тIом болчу хенахь, гIалгIайн махкахь цхьаьна нисделлера тхо. Назранехь кхоьллина нохчийн Культурин туш яра. Цигахь, мухIажарийн четаршна чохь Iачу нохчийн берашна лерина, дукха диканаш дан кхиира Муса. Берашна лерина дийцарш, байташ, туьйранаш яздина ца Ӏаш, царна спектаклаш хӀиттош болх а бира АхмадовгӀара. Тайнигашкахула гайтира вайн махкахь барт хIунда ца хуьлу. «Адамашна а, акхарошна а ца беза тIом» аьлла яра оха кечйина спектакль».

Цул тӀаьхьа вистхиллачу Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата а элира юбиляран цӀарах аьхна дош: «Муса маьрша стаг ву. Нохчийн культура, искусство, къоман литература кхиош, церан сий шен ницкъ кхочучу агӀор ойуш, къахьоьгуш, схьавогIуш ву. Тхаьш долчу Нохчийн меттан институтехь а билгалдоккхур ду оха Муса вина де. Карарчу хенахь Муса тхан белхан накъост хиларх а даккхийде тхо».

Ибрагимов Кантас П.Захаровн цӀарах йолу мидал луш, дош делира, кхушара Мусан книгийн гуларан цхьа том зорбане яккха.

Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурин декъехула йолчу Советан председатела Усманов Iаьрбис билгалдаьккхира «Пхьарматехь» хиллачарах массарах а яздархой а, журналисташ а хилла хилар.

«Цундела, нохчийн къоман хIума лардеш, кхиош хиларна дIа а яьккхира «Пхьармат». Шен болх а, ша юьхьаралаьцна некъ а, къар ца луш, схьабохьуш ву Муса. Иштта, драматургехь кхиамаш болуш яздархо ву», – элира цо.

Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана а дош элира юбилярах лаьцна.

«ХӀара яздархо, драматург, поэт хилла ца Iа, Муса меттан говзанча ву… 65 шо кхоллараллехь гIеметтахIутту хан бен яц. Могаш-маьрша волуш, дукхавехийла хьо, Муса!», – олуш дерзийра цо шен къамел.

Россин Федерацин культурин хьакъволчу белхахочо, композитора Даудов Рамзана а элира Мусах лаьцна хаза дош.

«Мусас шен кхоллараллин говзарш цхьана буха тIера язъеш хилар мехала ду. Ийман долу стаг беркат совдуьйлуш хуьлуш ву», – билгалдаьккхира Р.Даудовс.

Россин Федерацин хьакъволчу артиста, режиссёра Хакишев Руслана а, Россин Федерацин хьакъволчу артиста Джамаев Iимрана а элира Мусах лаьцна дош.

«Мусас язйинчу пьесашна тIехь яьхначу спектаклаша дуьненаюкъарчу конкурсашкахь, фестивалашкахь кхиамаш боху. Драматургин жанрехь доккха похӀма долуш ву Муса», – аьлла, билгал а доккхуш, совгӀаташ дира Р.Хакишевс.

Вевзаш волчу поэта Цуруев Шарипа шен къамелехь билгалдаьккхира Муса къоначу литераторшна гӀо деш схьавогӀуш хилар.

Нохчийн Республикин халкъан артиста Димаев Ӏелас а, Россин хьакъйолчу артисткас Ташаева Марема а, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Сатуев Лоьмас а, Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу пачхьалкхан филармонин солиста Джабраилов Шарипа а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департаментан артиста Джабраилов Темархана а, къоначу иллиалархочо Мунашев Адама а, ткъа иштта, Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Муцаева Седас куьйгалла дечу берийн «Ихьсан» студин тобано а иллийн а, эшарийн а совгӀаташ дарца хазйира суьйре.

Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран директора Ахмадова Хьавас а, Соьлжа-ГIаларчу библиотекин II-чу филиалан библиотекара Юсупхаджиева Азас а Мусан байташ йийшира.

Массарна а чӀогӀа тайра оццу театран актёра Умаев Рамзана Мусан прозина юкъара винчу юьртах лаьцна дӀаешна кийсак.

Ша лерина суьйре вовшахтоьхначарна а, кхуза баьхкинчу нахана а баркалла олуш, вистхилира Муса: «Аш къахьийги со бахьанехь. ДӀаевлла хенаш а, байташ а карлаехи. Шуна Дела реза хуьлда».

ХИЗИРОВА Зайнап
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: