Хууш ма-хиллара, республикехь МЧС-н белхахоша дIахьош ду цIарах а, иштта, кхиболчу бохамех а лардала Iаморна лерина цхьаьнакхетарш.

ХIокху деношкахь Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин белхахоша и тайпа цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀалин кӀошташкарчу бахархошца.
МЧС-н белхахоша, къаьсттина, боккха тидам тIебахийтира газан а, токан а гIирсех пайдаэцарехь ларъян езачу кхерамазаллин бакъонашна, хӀунда аьлча, гурахь а, Iай а царах пайдаэцарехь, кхерамазаллин бакъонаш ларъеш цахиларо дагахь боцу дуккха а бохамаш а, сингаттамаш бохьуш хиларна.
Iаьнан муьрехь йовхо луш а, чоьнаш йохъеш а болчу гIирсех нийса пайда муха эца беза дуьйцуш, бохам цахилийтархьама ларъян еза бакъонаш йовзуьйтуш, бахархошна хьехамаш бира.
ЦIеяларан, дукха хьолахь, хуьлучу бахьанех лаьцна дийцина ца Iаш, цIе яьлла меттиг нисъеллачохь, уггаре а хьалха, дан дезарг а хьийхира, муьлхачу гIирсо цIеяйарехь хIун гIо до а гайтира.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхалло бинчу хаамца, дийнна шарахь дIахьур болуш бу цӀеяларан а, иштта кхиболчу а бохамех лардала Iаморан профилактикин белхаш.
КАНТАЕВ Абу
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де