Йоккха а, сирла а ю нохчийн яздархочо Ошаев Халида къоман исторехь, культурехь, литературехь йитина лар. Кхин хIумма а ца хилча а, цо язйина «Слово о полку Чечено-Ингушском» книга бахьанехь халкъан иэсехь юьсур яра цуьнан цIе.

Кхиаран хьалхарчу муьрехь нохчийн къоман литература серлаяьккхинчарах цхьаъ ю цуьнан «Алун шераш» роман а.
Нохчийн турпалхочух Шерипов Асланбеках дийцина ца Iа Ошаев Халид оцу романехь, ша жигара дакъалацархо волуш, ХХ-чу бIешеран юьххьехь вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIамах лаьцна яздо цо, говза сурт хIоттош.
Ошаев Халид похIме яздархо, воккха Iилманча, нохчийн къоман бакъволу патриот хилла. Нохчийн халкъ дезар, цуьнан сий айдархьама къахьегар, иза зовкхе кхачо гечонаш лехар бахьанехь, алссам сингаттамаш хилла яздархочун чолхечу дахарехь.
Х.Ошаевс массийтта шо набахтехь даьккхина, цуьнан говзарш зорбане ца йовлуьйтуш, садукъийна латтийна иза. Амма, нохчийн халкъан бакъволу къонах, похIме яздархо, доза доцчу хьуьнаран стаг Ошаев Халид, халонашна ца къарвелла, цо къахьегна, иза даима а тешна хилла шен хьомечу халкъан зовкхечу кханенах. Цунна къеггина тоьшалла ду яздархочо нохчийн къоман культурина юкъайиллина хазна.
Цу хазнех цхьаъ ю Халидан пьесаш… Дерриге нохчийн халкъ санна, 13 шо хийрачу махкахь даьккхина цIабирзина актераш хIотто пьеса йоцуш хьаьвзича, массарел хьалха царна орцахваьлларг иза ву.
Ошаев Халида язйинчу пьеси тIехь, режиссераша Минаев Минайс, Горькая Лидияс хIоттийначу «Асланбек Шерипов» спектаклаца схьайиллина 1958-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 7-чу дийнахь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театро хьовсархошна дуьххьара шен неIарш.
Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, кхин цхьа пьеса еара Халида къоман театре. Нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона «Ахмар-Хьаьжа» спектакль хIоттийра оцу пьеси тIехь. Ткъа 1961-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь премьера хилира Ошаев Халидан рогIерчу пьеси тIехь режиссера Батукаев ХIарона хIоттийначу керлачу спектаклан. Цуьнан цIе яра «Цхьана буйнахь ши хорбаз».
Лакхахь цIе яьккхина Халидан пьесаш драмаш хиллехь, «Цхьана буйнахь ши хорбаз» комедин жанрехь язйина яра. Хьовсархоша чIогIа самукъадаларца тIелецира иза.
Цул тIаьхьа а, вайнехан къоман театро, кхин а цкъа-шозза хIоттийна «Цхьана буйнахь ши хорбаз».
Заманан йохалла нур довш яц похIмечу яздархочо Ошаев Халида язйина пьеса. 60 шо кхечи «Цхьана буйнахь ши хорбаз» вайнехан къоман театран сцени тIехь дуьххьара хIоттийна. Амма, кадечу замано шераш дIаидорах, пьесин мехалла йовш яц.
60 шо хьалха санна, режиссерийн сакIамло «Цхьана буйнахь ши хорбазах» марзо эца, хьовсархойн керлачу чкъурана иза йовзийта.
Шелан кIоштан халкъан театрехь тахана а хIоттош ю Ошаев Халидан мах боцу беркат хилла дIахIоьттина «Цхьана буйнахь ши хорбаз».
Къона режиссер Музаев Анзор ву яздархочун пьеса хIоттош. Иза тешна ву нохчийн яздархочун Ошаев Халидан говзаршца, массо ханна а, алссам хьекъале а, пайдехь а дерг хиларх.
– Уггаре а хьалха цIена нохчийн мотт бу цаьрца, – боху режиссера Музаев Анзора, – цул сов, пьесин хIора хьаьркаца хьайн халкъан хIо тосало, цхьаннах тарвала ца гIерташ, шатайпанчу башхаллица язйина ю Халидан говзарш. Ткъа «Цхьана буйнахь ши хорбаз» нохчийн халкъан дахаран аьзнех юьззина ю, язйина дуккха хан елахь а, – чекхдоккху шен къамел режиссера.
Шелахошна доккха совгIат хир ду аьлла хета суна, кестта премьера хила езачу «Цхьана буйнахь ши хорбаз» спектаклах.
ГАЗИЕВА Аза
№9, чиллин (февраль) беттан 6-гIа де