Артёменко Игнат — 15 шо долуш фронте вахана ветеран

Могилевн областерчу (Беларусь) Виляховка юьртара схьавалар долуш ву тахана 94 долу ветеран Артёменко Игнат.

«Халкъан иэс» портала тӀехь 1926-чохь, ткъа партизанашна юкъавоьдуш кечдинчу кехаташ тӀехь 1928-чохь дуьнен чу ваьлла ву иза.

И гӀуллакх дикка теллича бен билгалдаьлла дац Игната 2 шо тӀеяздина хилар — 15 шо а долуш нисвелла хилла иза партизанашна юкъа.

Ветеранан гергарчара дийцарехь, фашисташна дуьхьало латточу партизанашна гӀо дан 1942-чохь дуьйна волавеллла а хилла иза.

Делахь а, военкоматехь бух а болуш, кехаташца иза эскаре 1944-чохь бен кхайкхина вац.

Шен Даймахкахь а, луларчу Литвахь а бина цо мостагӀашна дуьхьал тӀемаш, 1945-чохь чов а еш.

Госпиталера араваьллача иза санитарин-эпидемиологин декъе хьажийна.

Эскаран гӀуллакх Игната 1982-чохь бен ца дитина, инженер-полковник даржехь а волуш.

Иза ву иза А.Навальныйс, «цуьнан шерашца ца нисло иза тӀаме вахана хилар», «тӀом бина а вац», «цуьнан цӀарах Ӏедало шена цӀе йина», и.дӀ.кх.а а бохуш, вийцина хилла ветеран.

Гуш ма-хиллара, тоьшаллаша гойту оцу ветеранна тӀехь мел кхоьллина хилларг харц а, бух боцуш а хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: