Автомобилийн некъийн министерствон жамӀаш а, Ӏалашонаш а

«Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочуш а еш, 2020-чу шарахь боккха болх бина некъийн дикалла тояран декъехь.

Къоман проектаца билгалбинчу белхех чекхбаьхна хӀорш: пхеа тIайх диъ тIай тиллина, царна реконструкци йина, искусственни кхо гIишло – биргIанашна тIехула дехьа-сехьа волийла йина. Тобан лерина хиллачу 41 некъах 38 некъ тобина. МеттахIитторан белхаш бина 36 объектехь.

2020-чу шарахь тоян билгалъяьккхина хилларг 89 объект яра, царах 84 объектехь белхаш чекхбаьхна. Иштта, регионан маьIна долчу некъашца 2 923 билгало, хаам баран 1 848 бIогIам дIахIоттийна, 4 241 метр еха керташ йина.

Цу тӀе, федеральни бюджетера кхитIе а йолчу харжийн чоьтах, 2020-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу кхаа урамна а, цхьана тIайна а реконструкци йира. И белхаш чекхбевллачул тӀаьхьа, вайн республикехь 2020-чу шарахь билгалдина регионан маьIна долчу некъийн нормативни хьал 47,9 проценте кхаьчна, ткъа Соьлжа-ГIалин агломерацин некъийн дакъа – 48,5 проценте.

«Некъийн бахам кхиорна системин юкъара гIуллакхаш» аьлла йолу регионан шолгIа проект кхочуш а еш, регионан маьIна долчу некъашкахь, некъан боламан бакъонаш талхор хьесапе оьцуш йолу 5 суьртийн-видеодIаяздаран камера а хIоттийна.

Карарчу шарахь, «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь кхин а 63 объект таян лерина. Царах Соьлжа-ГIалин агломерацин урамийн-некъийн 56 объект ю. Регионан маьIна долу 7 некъан дакъа ду, шайн юкъара йохалла 19,9 километр а йолуш.

Тоян билгалъяьккхина, «Ищерски – Соьлжа-ГIала» некъан 4 объект, «Ищерски – Оьрза-ГIала» некъан 1 объект а (пхеа объектан юкъара йохалла 13,8 километр ю).

Ткъа реконструкци ян билгалйина, «Соьлжа-ГIала – Ведана – Дагестанан доза» некъан 1 объект, «Гуьмсе – Къеди-Юрт» некъан 1 объект (шина объектан юкъара йохалла 6,1 километр ю).

Цул сов, «Некъийн бахам кхиорна системин юкъара гIуллакхаш» аьлла йолу регионан шолгIа проект кхочуш а еш, регионан маьIна долчу некъашкахь, некъан боламан бакъонаш талхор хьесапе оьцуш йолу кхин а 5 суьртийн-видеодIаяздаран камера дIахIоттор ю.

А.КАНТАЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: