Дукха хан йоццуш Буру-ГIалахь (Владикавказ) дIаяьхьира кегийрхошлахь охьатохархлатарехь СКФО-н хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара СКФО-н субъекташкара спортсменаш.
Кхаа дийнахь дIадаьхьира къийсадаларш.
Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, билгалбевлира: Исмаилов Ислам (42 кг) – СШ №2, Темирсултанов Сафар (45 кг) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШОР, Исмаилов Адам (48 кг) – СШ №2, Хаджиев БойсагIар (51 кг) – СШ №5, Закриев Аьрзу (53 кг) – СШ №2, Магомадов Имам (54 кг) – СШ №2, Хакуев ИбрахIим (55 кг) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШОР, Берсанукаев Билал (57 кг) – СШ №2, Эскерханов Iусман (60 кг) – РШОР, Дакаев Хьамзат (65 кг) – СШ №2, Мамашев Расул (67 кг) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШОР, Хаюрин ИбрахIим (110 кг) – Соьлжан СШ, Шамаев СаьIид (120 кг) – Эна-Хишкан СШ.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: И.Исраилов, М.Абдулаев, Х.Гериханов, Р.Гулаев, С.Татаров, А.Джабраилов.
ХIокху къийсадаларшкахь вайн спортсменаша командашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира.
Чиллин (февраль) бутт чекхболуш Омскехь хинйолчу турнире баха кечамаш беш бу уьш карарчу хенахь.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де