Стеган дог минотехь – 72-зза, дийнахь – 100 000-зза, шарахь – 3600 000-зза тохало.
Кухни чуьрчу чIинта чухула, иза мел еллало схьа а йиллина, 45 шарахь охьаихна хи санна ду 60 шаре кхаччалц стеган даго лелош долу цIий.
Минотехь 5 литр тIера 30 литре кхаччалц хуьлу даго лелош долу цIий.
ХIора денна даго гулбеш болу (энерги) ницкъ, машено беш болу 32 км некъ санна бу. Космосе а вахна, юхаван тоъал ницкъ бу иза.
Даго шен ницкъаца электрически импульсаш йоху. ДегIах дIакъастийча а деттало иза, шена оьшшучул кислород латтийчхьана.
Кийрахь долчу беран дог шозза чехка детталуш хуьлу (минотехь 140 тохадалар а долуш) воккхачу стеган дагал. Кийрахь 3 бутт кхаьчначу беран даго дийнахь 28 литр цIий дIасалеладо.
ДегIарчу 75 трлн. клеткина цIийца кхачам бо даго. Цо цIий ца кхачош ерг бIаьрган пардо ду.
60 шеран дахарехь 5,7 млн. литр цIий дIасалеладо даго, 5 процент тIаьхьалонна дуьту, 15-20 процент хье чу а, нервийн системе а кхочу, 22 процент жаннашка доьду.
Деган клапанаш дIакъовлалучу хенахь тохалуш ду дог.
Кийрахь долчу беран бутт кхаьчча, дуьххьара дог тохало цуьнан.
ХIинцца динчу беран дегIаца цхьа стака (200 гр.) цIий хуьлу.
Кокаино тIеIаткъам бо деган электрически жигараллина, и бахьанехь пхенашна спазмаш хуьлу. Царах инфаркт я инсульт хила тарло.
Зударийн дог божарийнчул сиха детталуш ду.
Божарийн дог минотехь 70-зза тохало, зударийн – 78-зза.
Стаг садоIуш волчу хенахь, цIийна, дагтIера пехашна тIе а кхаьчна, юхадерза, 6 секунд оьшу, хье чу а дахана, юхадерза – 8 секунд, когийн пIелгашна тIе а кхаьчна юхадан 16 секунд оьшу.
ГIараваьллачу Iилманчас Галена чIагдина даго цIий доккхуш хилар. Амма, Харви Уильяма 1616-чу шарахь гучудаьккхина, даго аратоттуш долу цIий, гуо а боккхуш, дегIан массо а меженехула чекхдолуш ду, аьлла.
Б.ДУДАЕВА
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо