Шемара сехьадаьхна бераш Саратовн областехь дара, берийн цIийне уьш дIадала а тарлуш. Цу хьокъехь дерг хиира церан дейишас социальни сеташкахь, гIо доьхуш, хаам бича.

Чимикова Асяс гIо доьхура Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Иза цунна орцах а велира. Зудчо дехар дина ши кIира хан яьлча шайн цIа кхечира бераш.
Саратовн областера цIерпошта тIехь ГIизлара схьадалийра уьш. Царна цига дуьхьал вахара Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векал Хирахматов Хьамзат. Цо уьш Нохчийчу схьадалийра.
«Берийн дейишас, гIо доьхуш, дукха дехарш дира Москварчу а, Саратоверчу а хьокъала йоллучу инстанцешка. Делахь а, цхьана а меттехь цунна гIо ца дира. Амма, Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнга дехар дича, дерриге а дIанисделира. Бераш шайн цIа кхечира. Сайн балхаца суна цкъа а гина дацара бераш оццул сиха шайн верасашка дIакхачош хьал. Иза вуно чолхе, хала гIуллакх ду, бераш Шемара схьадалийна хилар хьесапе эцча муххале а», – элира Хь.Хирахматовс.
Нохчийчохь берийн бакъонаш ларъяран векала иштта билгалдаьккхира тIемаш хиллачу миттигашкара цIадалийначу берашна реабилитаци ярехь а вайн Iедало чIогIа гIо-накъосталла деш хилар.
«Бераш чIогIа цIадахка лууш дара. Нохчийн Республикин Куьйгалхо бахьана долуш, церан сатийсам кхочушхили. Цо гIо ца динехь, соьга чекхдаккхалур дацара и гIуллакх, сан ницкъ кхочур бацара уьш цIадало», – элира Чимикова Асяс.
Хь.САИДОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де