Дозанал арахьа бехачу нохчашца зIе латторан агентство схьайоьллур ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун Кадыров Хас-Мохьмадан хIокху деношкахь белхан цхьаьнакхетар хилира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчица, хаамийн а, зорбанан а министраца Дудаев Ахьмадца.

Цара дийцаре дира ведомствос беш болчу белхан а, цунна хьалха лаьтташ долчу мехалчу декхарийн а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Билгалдаьккхира пачхьалкхан цхьааллин политика хаамийн а, зорбанан а, телерадиовещанин а, шуьйрачу коммуникацин гIирсийн а дакъошкахь кхочушъярехь кхиамаш баьхна хилар.

Иштта, леррина тидам тIебахийтира дозанал арахьа бехаш болчу нохчашца хаамийн болх дIабахьаран гIуллакх дийцаре дарна а. Иза дийцаре дечу хенахь хьахийра цаьрца зIе латторан агентство схьаелла езаш хилар. Оцу агентствос мехала маьIна лелор дара царна гIо-накъосталла дарехь а, кхоллалуш долчу хаттаршна жоьпаш лахарехь а.

Цу шиннан тидамза ца бисира коммерцин йоцчу бакъонаш ларъяран организацеша Нохчийн Республикехь беш болу болх а. Оцу белхан хьокъала боллу мах а хадийра цара.

Цхьаьнакхетар чекхдолуш, Кадыров Хас-Мохьмада баркалла элира министрана Дудаев Ахьмадна беркате болх барна.

Иштта, дIахаийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраци ведомствона оьшуш долчунна тIехь гIо-накъосталла дан кийча хилар, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь министерствон кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар.

А.Дудаевс дош делира кхидIа а доггах болх бан, пачхьалкхан политика халкъе дIакхачорехь беркате къахьега.

Д.АНАДЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: