Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина онкологица къийсам латторан системина регионехь хаддаза модернизаци еш хилар а, ракаца къийсам дIабахьархьама уггаре а тоьлла, керла гIирсаш оьцуш хилар а.

«Дукха хан йоццуш диспансерехь дIахIиттийна дуьненахь а уггаре а нуьцкъала йолчарах цхьаъ йолу линейни ускорительш. Цара таро ло онкологина дарбанаш лело, ткъа иштта, онкологин зирх жимбан я керла кхоллабелла зирх дIабаккха. Иштта, билгалдеш ду брахитерапи ярна лерина аппарат дIахIоттор. Иза зIаьнарца тIеIаткъамбаран тIехнийса метод ю», – яздина регионан Куьйгалхочо.
Цо чIагIдеш ма-хиллара, ракан цамгаршна профилактика ярна къаьсттина тидам бу тIебохуьйтуш. Ткъа республикин онкослужбин болх махкахь а уггаре а тоьллачарах цхьаъ лоруш бу.
«Лаккхара корматалла йолу говзанчаш хиларо а, онкологин диспансерна кхузаманан уггаре а тоьллачу диагностикин а, дарбанаш даран а техникица кхачо йина хиларо а таро ло хьал тергонехь латто. Дархошна массо а тайпа дарбанаш деш ду. Дарбанаш леладайта республикел арахьа дIаэха оьшуш хьал дац. Мелхо а дарбанаш леладайта мехкан кхечу регионашкара вай долчу догIуш долу адамаш алсамдевлла», – бохура Р.Кадыровс.
Онкологин цамгаран вон тIаьхьенаш цахилийтаре кхачархьама шен хеннахь лоьрашна тIевахар, шен могашаллин хьал таллийтар чIогIа мехала лору вайн республикин Куьйгалхочо. Цо таро ло говзанчашна цамгар юьххьехь Iораяккха, хьокъала доллу дарбанаш лело, лазархо цамгарх цIанван.
«И болх республикехь дика дIахIоттийна бу. Генна лаьмнашкахь йолчу кIоштийн бахархойн а уратталла аьтто бу диспансеризаци ярх чекхбовла. И дархьама я гIала а, я кIоштийн коьртачу ярташка а лела ца деза церан. Онкологин службаша бахархошна таллам бар дIахьо уьш бехаш болчу меттигашкахь. ДегI дика хилийтарна уггаре а мехала ду спортаца гергарло лелор, дегIана, могашаллина пайдехь дерг дар», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира республикин могашаллаIалашъяран министрана Сулейманов Эльханна, коьртачу онкологана Ахматханов Хьусайнна, берриге а лоьрашнаонкологашна хьанал, доггах болх барна.
Д.ПАШАЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де