Нохчийчоь кхуьуш йогIуш елахь а, школаш цатоаран хьал, цкъачунна, хаалуш ду. Теркан кӀоштарчу Бена-Юртахь 8 эзар сов стаг ву Iаш.

Юьртахь цхьа школа кхачаме яцара бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а, иштта, школин гӀишло цхьаболчу бахархошна генахь хиларца а доьзна. Цул сов, кхо смена а яра школехь.
Оцу бахьанашца, къоман «Дешар» проектан гурашкахь, карарчу шарахь, юьртахь, керла юкъарадешаран школа ян сацам хилла. Къоман «Дешар» проектан коьрта Iалашо ю школашкара кхаа сменехь долу дешар дIадаккхар а, стандарташца догIуш дешаран хьелаш тодар а.
Кхо гIат а долуш, 600 дешархочунна лерина йолчу керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш хир ду: хIора класс, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина хир ю, иштта, школехь актови зал а, ешаран чоь а йолуш библиотека а, кхачанан чоь а, йоккха спортан зал а йийр ю. ГIишло 4841,20 квадратан метр хир ю.
Заманца кхуьуш ю дешар хьехаран методика. Цундела, керлачу школехь, кхузаманан лехамашна жоп а луш, керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархойн.
А.АБУЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де