Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин студехь «Массарел хьекъалдерг – 2015» гуманитарни олимпиадин финальни ловзар хилира.
Дерриге а 21 къийсадалар дара дIадаьхьнарг. Нохчийн Республикин 11-чу классийн дешархоша шайн хаарш къевсира историн, литературин, обществознанин предметашкахула. Олимпиадехь 4 толамхо билгалвелира. Царах ю Соьлжа-ГIалин №3 йолчу гимназин дешархо Тимарова Iайшат, Соьлжа-ГIалин №39 йолчу школин дешархо Сербиева Седа, Хьалха-Мартанан ГIой-Йистерчу школин дешархо Хакиева Малика, Шелковски районан Оьрза-ГIалин №2 йолчу школин дешархо Юнусова Лиза. «Массарел хьекъалдерг» проектан толамхоша пачхьалкхан юкъара экзамен дика дIалахь, иза дIа а лерина, уьш Нохчийн пачхьалкхан университете а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте а (шайн харжаме хьаьжжина) деша дIаоьцур болуш сацам хилла.
«Массарел хьекъалдерг» телевизионни гуманитарни олимпиада нохчийн телевикторина ю «Грозный» каналехь гойтуш йолу. Масала, Федеральни хьалхарчу каналехь хуьлучу «Умники и умницы» телевикторина санна ю иза. Дешаран лаккхарчу заведенешка деша боьлхучарна лерина ю иза.
Цуьнан дакъалацархой 11-чу классийн дешархой хуьлу. Юккъерчу дешаран школийн программин буха тIехь кечъеш а, дIахьош а ю олимпиада.
Олимпиада хIора шарахь дIахьо Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос Нохчийн пачхьалкхан университетаца а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтаца а, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпаница а цхьаьна.
Олимпиада дIаяхьаран коьрта Iалашо ю юккъерчу дешаран учрежденийн дешархошна юкъахь похIма дерш а, Iилмане безам берш а гучубахар, царна шайн похIма, хьуьнарш кхидIа кхион хьелаш кхолларна гIо дар. Иштта Нохчийн Республикин лаккхарчу дешаран заведенешкахь деша хьакъ болу студенташ билгалбахар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо
