ХIокху шарахь некъийн хьал тодарна 600 миллион сом къастор ду

Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос бинчу хаамца, карарчу шарахь, Нохчийн Республикин некъаш кхиорна а, цӀиндарна а лерина, 613,4 миллион сом хьажо сацам хилла.

Тодан леринарг 7 некъан дакъа ду, шайн юкъара йохалла 19,9 километр а йолуш.

Регионан маьIна долчу некъашкахь тоян билгалъяьккхина «Ищерски – Соьлжа-ГIала» некъан 4 объект, «Ищерски – Оьрза-ГIала» некъан 1объект (пхеа объектан юкъара йохалла 13,8 километр ю). Ткъа реконструкци ян билгалйина «Соьлжа-ГIала – Ведана – Дагестанан доза» некъан 1 объект, «Гуьмсе – Къеди-Юрт» некъан 1 объект (шина объектан юкъара йохалла 6,1 километр ю), цул сов, шина асанан некъаш еа асане дохур ду. Цо аьтто бийр бу некъийн транспортан-эксплуатацин дикалла ларъян а, иштта хаддаза а, цхьа кхерам а боцуш машенаш дIасалелийта а.

Автомобилийн некъийн министерствон белхахоша а, говзанчаша а «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь дIахьур бу некъаш тодаран белхаш.

Билгалбаьккхина болх чекхбаьлча, республикин маьIна долуш нормативни хьолехь долу некъийн дакъа 54,57 проценте дIакхачор ду.

Карарчу шарахь «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь, вайн республикехь кхин 63 объект тойийр ю. Царах Соьлжа-ГIалин агломерацин урамийн-некъийн сетан юкъара 56 объект ю.

Цул сов, регионан некъашкахь дIахIоттор ю, некъан боламан бакъонаш талхор хьесапе оьцуш йолу 5 суьртийн-видеодIаяздаран камера.

А.МУСЛИМОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: