Россин Iилманан денна а, Россин Iилманан, технологин шарна а лерина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Педагогикин а, психологин а, дефектологин а институтехь, очни кепара а, онлайн-рожехь а регионан Iилманан-практикин «Къона талламхой» конференци дIаяьхьира.

Очни кепарчу конференцехь дакъалоцуш бара НПХЬУ-н студенташ, магистранташ, аспиранташ, къона Iилманчаш, хьехархой, ткъа онлайн-рожехь – Москван пачхьалкхан хьехархойн университетан а, Дона-тIерачу-Ростовн къилбан федеральни университетан а, Аштаркханан пачхьалкхан медицинин университетан а, ГIалгIайн пачхьалкхан университетан а, Дагестанан пачхьалкхан хьехархойн университетан а студенташ, хьехархой, Iилманчаш.
Конференцин дакъалацархошка, массаьрга, маршалла а хоттуш, Россин Iилманан денца Iилманчаш декъал а беш, йистхилира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн универститетан Педагогикин а, психологин а, дефектологин а институтан директор Алиева Сацита а, НПХЬУ-н проректорш Гончаров Сергей а, Арсалиев Шавади а.
Iилманан конференцин коьрта Iалашо яра къоначу Iилманчашна кхиаран майданахь аьттонаш кхоллар а, дешаран, Iилманан талламан белхаш дIабахьа къона талламхой кхиор, педагогикехула похIмин суй болу студенташ билгалбахар а, уьш кхиорехь царна гIонакъосталла дар а.
Конференцехь масех заседани дIаяьхьира. Царна юкъарчу пленарни заседанин дакъалацархоша бархI доклад йира, кхузаманан коьрта теманаш билгалъяьхна а йолуш.
Вовшахтохархой тешна бу конференцин дакъалацархоша пленарни заседанехь йинчу докладех аьлча а, НПХЬУ-н къоначу Iилманчаша бовзийтинчу шайн талламан белхех педагогикин говзанчашапайдаоьцург хиларх.
ДУТУЕВА Макка
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де