Зама кхиарца кхуьуш, хийцалуш схьадогIу Iилма а, дешаран программаш а, кепаш а. Цундела оьшу школашкахь пайдаоьцуш лелош йолу Ӏаматаш, заманан лехамашна жоп луш, юхакарлайохуш а, тӀеюзуш а болх бар.

Нохчийн меттан а, литературин а Ӏаматаш карлаяхар, церан чулацам, куц-кеп, дикалла ницкъ кхочучу барамехь дешархошна пайдехь а, беркате а хилийтар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца, шен лерринчу тергонехь латтош ву Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Байсултанов Идрис.
Нохчийн мотт дуьнен чуьра дӀабала кхерам болчу меттанашна юкъахь бу алар дезаш воцчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀакхайкхийна оханан (апрель) беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де.
Мехала ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла дешнаш: «Вай декхарийлахь ду вешан къоман мотт ларбан а, иза шен исбаьхьаллица тIейогIучу тIаьхьенашна дIакховдо а». Иштта мехала ду цо аьлла хӀара дешнаш а: «Дино а, матто а, Ӏадато а меттахь латтийна вайн къам массо а хенахь. Шен ненан мотт бицбина стаг нохчи хила йиш яц».
Нохчийн меттан кханенах доглозучу нахана доккха хазахетар хилира лурчаха, 2019-чу шеран асаран (июнь) беттан 19-чу дийнахь, Нохчийн Республикин Правительствон №180 йолчу сацамца, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Дешар кхиоран институтах Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институт (карарчу хенахь Нохчийн меттан институт) йича.
Нохчийн халкъан кхолламехь а маьӀне болчу оцу хиламехь доккха дакъа лаьцна министра Байсултанов Идриса. ТIаьхьарчу шерашкахь нохчийн маттахь йолу дешаран а, исбаьхьаллин а литература зорбане ялар алсамдаьлла. Юха а зорбане яьхна дукхахболчу нохчийн классикийн книгаш. Политика, пачхьалкхехь болу дIахIоттам хийцабаларе хьаьжжина хийцина школашкара Iаматаш.
Нохчийн меттан Ӏаматаш карлаяхар, уьш зорбане яхар къобалдар Нохчийн меттан институтана тӀедиллина Байсултанов Идриса.
Ӏаматаш, нохчийн къоман вад хьесапе а оьцуш, Россин Федерацин Дешаран Федеральни стандартийн барамца йогӀуш, дIанисъеш, къахьоьгуш ю Нохчийн меттан институтан Iилманан белхахойн тобанаш.
Институтан директора Умхаев Хьамзата куьйгалла деш йолу коллектив дика ларош ю шайна тIедохкучу декхаршца.
Хь.Умхаевн дешнашца аьлча: «Ӏаматаш карла ца яьхча ца йовлура. Советийн Iедал долчу хенахь оцу Iедалан идеологица йогIуш хIиттийна яра уьш. Чулацам, кеп, царна тIехь дерг дерриге а ширделла дара. Цул сов, дешаран федеральни стандарташкахь хилла хийцамаш бара кхузаманан дешарехь тидаме эца безаш. Уьш хьесапе оьцуш хийцина Iаматаш. Иштта, Россин Федерацин серлонан министерствос федеральни переченна юкъаяхийтина нохчийн меттан Iаматаш».
Шайн цӀе яккха хьакъ бу оцу жоьпаллечу гӀуллакхна юкъа дакъа диллина болу нах. Уьш вайн махкахь а, дозанал арахьа а сий-ларам беш, бевзаш болу меттан Ӏилманчаш, Нохчийн меттан институтан Iилманан белхахой бу. Царна юкъахь нохчийн меттан а, литературин а хьаьрмахь гIарбевлла Iилманчаш, яздархой, меттан говзанчаш, халкъан хьехархой бу. Масала, филологаш: Овхадов Муса, Халидов Муса, Вагапов Iаьрби, Абдулкадырова Раиса, Ахмадов Муса, Алиева Зарина, Солтаханов ИбрахIим, Эдилов Салавди, «Ас дIалур ю ПКЭ!» (пачхьалкхан коьрта экзамен) методикин гӀо-Ӏаматан авторш, Нохчийн Республикин халкъан хьехархой Дудаев Султан, Абдуразаков Шертбек, Россин Федерцин дешаран сийлахь белхахой Тутаева Сацита, Хунарикова ПетӀамат.
Хьехархошна а, студенташна а, дешархошна а нохчийн моттий, литературий Iаморан некъаш аттачу дахаран Iалашонца къахьоьгуш болчу Iилманчаша шина декъехь дIахьо болх.
Iилманчийн цхьа тоба нохчийн литературин декъехула йолу Iаматаш карлайохуш а, тIеюзуш а болх беш ю. ШолгIачу тобанан белхан декхар нохчийн йозанан мотт кхиорехь оьшуш йолу Iаматаш, гӀо-Ӏаматаш язъярний, карлаяхарний тIехь къахьегар ду.
Кхузаманан дешаран лехамашца йогIуш карлаяьхна, зорба тоьхна евлла 1–11-чуй классийн нохчийн меттан Iаматаш.
Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира: «Вайн Iилманчаша шаьш тIелаьцнарг кхочушдина аьлла хета суна, хIунда аьлча дешар Федеральни керлачу стандарташца нисдеш къоман меттан Iаматашна тIехь вай ма-барра болх бан безаш Россин кхийолу субъекташ а яра. Амма, схьагучу суьртаца, Нохчийн Республикий, ГIезалойн Республикий бен ларийна яц и болх бан. Вайн шина республикин бен ницкъ ца кхаьчна къоман маттахь йолчу Ӏаматашна тӀехь хийцамаш бан».
Ӏаматаш карлаяхаран декъехула Нохчийн меттан институтехь 2021-чу шарахь кхочушбан лерина хӀокху кепара белхаш а бу: «Кхузаманан нохчийн меттан синтаксис» Ӏилманан белхан гӀо-Ӏамат язйийр ю филолгин Ӏилманийн доктора, профессора Халидов Мусас, филологин Ӏилманийн кандидата Эдилов Салавдис «Нохчийн литература хьехаран методика» Ӏамат а, 7-чу классана лерина нохчийн литературин белхан программа а, белхан тетрадь а хӀоттор ду.
Филологин Ӏилманийн кандидата Солтаханов ИбрахӀима 4-чу классан ешаран Ӏаматана лерина методикин куьйгалла-Ӏамат язйийр ю.
Филологин Ӏилманийн доктора, профессора Овхадов Мусас а, филологин Ӏилманийн кандидата Абдулкадырова Раисас а 8–9-чуй классийн дешархошна лерина диктантийн а, изложенийн а гулар вовшахтухур ю.
Арсанукаев Ӏабдул-ГӀани Ӏаьрбийн маттахь йолчу дешаран-методикин литература вовшахтохарна тӀехь къахьоьгуш ву. Карарчу хенахь 4-чу классан дешархошна лерина гӀо-Ӏамат язъеш ву иза. Ткъа кхул хьалха 2-чуй, 3-чуй классийн дешархошна лерина гӀо-Ӏаматаш вовшахтоьхнера цо.
Вайн республикерчу хьехархойн колледжийн студенташна лерина Ӏамат-хрестомати вовшахтухуш ду Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса а, публицист Алиева Зарина а.
«Берийн фольклор. Школе дахаза долчу берашна а, юьхьанцарчу классийн дешархошна а лерина Ӏамат-хрестомати» а, 5–8-чуй классийн дешархошна лерина Ӏамат-хрестомати а вовшахтухуш ву филологин Ӏилманийн доктор Джамбеков ШаӀрани.
Филологин Ӏилманийн кандидат Вагапов Ӏаьрби «Нохчийн меттан дошкхолладаларан дошам» вовшахтухуш ву.
2–3-чуй классашна лерина нохчийн литературин Ӏамат вовшахтухуш ю Халикова Асет, 2-чу классан дешархошна лерина «Гуонахара дуьне» Ӏамат нохчийн матте гочъеш а, 2-чу классана лерина ешаран Ӏамат вовшахтухуш а ю Петирова ПетӀамат.
Цул сов, кхушарахь зорбане йоккхур йолуш ю Нохчийн меттан институтан дӀадолорца стохка дуьйна вовшахтухуш йолу «Нохчийн меттан орфографин йокха дошам».
Нохчийн мотт кхиорехь а историн маьӀна долчу оцу гӀуллакхехь дакъалоцучу тобанна юкъахь бу: Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат, Нохчийн меттан институтан директоран Ӏилманан балхехула йолу заместитель Бадаева Ӏайшат, филологин Iилманийн докторш: Овхадов Муса, Халидов Муса; филологин Iилманийн кандидаташ: Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбрахIим, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин факультетан нохчийн кафедрин заведующи Ирезиев Сайд-Хьамзат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Адам Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ: Дадаев Сайд-Хьасан, Юнусов Хьамзат.
Ӏаматаш а, дошам а, исбаьхьаллин литература а йоцуш вуьсур вац шен ненан мотт Ӏамо сатеснарг.
Дуьнен чу даьллачу берана, уггаре а хьалха, шен хIусамехь, нанас буьйцуш хеза нохчийн мотт.
Доьзалехь хеза, Iема берана шен дахарехь уггаре а мехала хилла дIахIуьттур долу коьрта дешнаш. Ткъа цул тIаьхьа бер школе кхочу. КхидIа цунна нохчийн меттан хьехархочо марзбо ненан мотт.
Нохчийн меттан хьехархочух а, нохчийн меттан Iаматех а доьзна хуьлу беран нохчийн маттехула долу хаарш, оцу матте болу безам.
Жоьпалле хиларал сов, доккха собар, хаарш, хьуьнар оьшуш гIуллакх ду школашна лерина Iаматаш вовшахтохар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де