Нохчийн литературин классикан, поэтан, драматурган Хамидов Ӏабдул-Хьамидан нохчийн халкъана уггаре а дукхаезаелла йолу «Бож-Ӏела» спектакль-комеди гайтира кху деношкахь Х.Нурадиловн цӀарах йолчу Нохчийн къоман театрехь.

Спектакль дуьххьара 1965-чу шарахь гайтина, амма хьовсархошна я къордош а, я йицлуш а яц иза.
Вайн халкъ Казахстанан а, ГӀиргӀизойн а мехкашкара цӀадирзича дуьйна а, Ӏабдул-Хьамидан кхолларалла, къаьсттина «Бож-Ӏела» спектакль синкхача а хилла лаьттина ю.
Нохчийн Республикин культурин тӀаьхьалонийн хӀоллам хилла еха иза театран сцени тӀехь.
Спектакль дуьххьара хӀоттийра гӀарбевллачу режиссераша Харлип Пётра а, Солцаев Мималта а, Хакишев Руслана а.
Карарчу хенахь гойтуш йолу спектакль Россин Федерацин халкъан артиста, режиссера Хакишев Руслана хӀоттийна ю. Ткъа спектаклехь коьртачу турпалхойн ролаш ловзош бу хьовсархошна дукхабезабелла актёраш: РСФСР-н хьакъйолу артистка Гичаева Раиса, Россин Федерацин хьакъболу артисташ Азаев Хьамид, Джамаев Iимран, Нохчийн Республикин халкъан артистка Муртазалиева Асет.
Спектакль хьовсархошна уггаре а хьалха езайолуьйтуш ерг нохчийн къоман шатайпа забар ю. Ткъа уьш, дӀайолаелча, чекхъяллалц ю спектаклехь. Дахарехь нислуш дерг спектаклехь забарца гойтуш ду. «Сутарби» а, «Бож-Ӏела» а, «Майма» а массо а заманахь хӀора юьртахь шен-шен хуьлуш ду. Къа а ца хьоьгуш, атта баха лууш, доьзалан дукъ тӀеэца ца лууш хуьлу цхьаболу нах а, цӀийнан дай а. Цунах гӀуллакх ца хуьлий гойту спектаклехь.
«Бож-Ӏела» спектакль – доьзалан спектакль ю. Республикин бахархошна а, мехкан хьешашна а кхаъ бу хӀокху муьрехь спектакль гойтуш хилар.
З.ЦОНТОРОЕВА
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де