Нохчийн Республикин культурин а, искусствон а белхахоша Къоман «Культура» проект кхочушъяран Ӏалашонца дӀахьош йолчу «Нохчийн Республикин похӀме адамаш» регионан проектан гурашкахь говзалла лакхаяккхаран курсашкахь дакъалоцур ду.

Говзалла лакхаяккхаран курсаш федеральни 4 туьшахь дӀахьур ю.
Краснодаран пачхьалкхан культурин институтехь 234 белхахочо а, С.А.Герасимовн цӀарах йолчу Ерригроссин пачхьалкхан кинематографин институтехь 15 белхахочо а, Москварчу культурин институтехь 33 белхахочо а, Россин театран искусстван ГИТИС институтехь 16 белхахочо а доьшур ду.
Говзалла лакхаяккхаран курсаш культурин а, искусствон а белхахойн теоретически а, практически а хаарш лакхадахаран а, кхузаманан лехамашца хуьлучу хийцамашца болх бан оьшуш долу хаарш тӀедузаран а Ӏалашонца дӀахьош ю.
Нохчийн Республикин культурин министра Дааев ХожБаудис билгал ма-даккхара, шен хаарш алсамдохуш, дешарна тӀехь къахьегначо шен белхан сий-пусар дар а сов деш карадо.
ЯХЪЯЕВА Зайнап
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де