Ноташ Iамийра

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь корматаллин говзалла лакхаяьккхира Нохчийн Республикин культурин министерствон куьйгаллехь йолчу организацийн белхахоша а, республикин искуссвон школин хьехархоша а.

КхитIе а дешаран «ГIирсаш тIехь мукъам балор. Халкъан музыкин гIирсаш» пргограммин гурашкахь дIахьош дара культурин белхахойн корматалла лакхаяккхар.

Тахана кхузахь дакъалоцучарах дукхахболчара шаьш ладугIуш Iамийначу аьзнашца балош бара мукъамаш. Цул сов, цхьа а нота евзаш яцара царна. Цу тIе, дешархой а бара иштта Iамош. Ткъа тхуна хьалха хIоттийна Iалашо культурин декъехь музыкин дарсаш хьоьхучу белхахошна мукъамийн ноташ йовзийтар а, царна тIехь мукъамаш нийса балор а яра. Бакъдерг аьлча, цхьаверг чIогIа саготта вара шена цаIамарна кхоьруш. Амма оха цхьаьна яьккхира ноташ йовзаран хьалхара гIулч. Цундела, ца кхоьрруш ала мегар ду, хIокху аттестацехь дакъалаьцначу белхахошна ноташ дикка евзина аьлла. КхидIа а ноташ Iаморехь кхиамаш баха хIун дан деза а дийцина оха, – элира Россин Федерацин халкъан артиста, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Музыкин дешаран кафедрин профессора Хлебников Валерийс.

Практикин а, теорин а дакъошкахула дIахьош яра корматтала лакхаяккхаран аттестаци.

Шайна хьоьхург дика схьалацарна а, практика тIехдика дIаяларна а массо а чекхевелира цунах.

ВЕГИЕВА Макка
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: