Вахидов Бай-Iелин – 70 шо

Хаза, чIогIа самукъане дара 2021-чу шеран чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театрехь.

Белхан накъостий бара Нохчийн Республикин халкъан артист Вахидов БайIела 70 шо кхачарца декъалвеш. 40 шо сов хан ю цо боккхачу кхиамца вайн къоман театрехь болх бен.

Цо дакъа а лоцуш алссам спектаклаш хIиттийна вайн театрашкахь. Уьш ю: «Ямартло а, безам а», «Кориолан», «Бож-Iела», «Марчо эца вахнарг», «Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь», «Лаьмнел лекха», «Рыцари кавказских гор», «Хьесапца дина захало», иштта дуккха а кхиерш.

АллахI-Дала ца кхоош похIма деллачу нохчийн актерех цхьаъ ву Вахидов Бай-Iела. Муьлххачу спекталехь а говзаллин лаккхарчу тIегIанехь хуьлу цо кхоьллина васт. Цундела хьовсархоша хазахетарца тIелоцу иза, актеран корматаллин лаккхара мах а хадош.

Алссам довха дешнаш элира гулбеллачара юбиляран кхолларалла хьахош.

Вахидов Бай-Iелин шатайпанчу башхаллица къаьстачу похIмех лаьцна дийцира Нохчийн къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхочо, РФ-н культурин хьакъйолчу белхахочо Ахмадова Хьавас.

Бай-Iела юбилейца декъалвеш, вистхилира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди. Ведомствон мидалца совгIат а дира цунна министра.

Белхан накъосташа самукъане концертан программа кечйинера юбилярана.

И башха цхьаьнакхетар дIадоьрзуш, баркаллин дешнаш олуш, вистхилира юбиляр а.

АРАПХАНОва Аза
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: