Онкологин дархошна брахитерапин аппарат оьцур ю

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан цхьаьнакхийтира Нохчийн Республике веанчу «Фармстандарт» холдинган директорийн председательца Харитонин Викторца.

Хьаша а, министр а Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон Онкологин диспансерехь хилира, бахархошна онкологин гӀо даран службин болх талларан Ӏалашонца. Уьш хьаьвсира пачхьалкхан-долахойн гурашкахь «Аймед» клиникица цхьаьна ечу керлачу онкологин туьше а.

«Къоман «МогашаллаӀалашъяр» проектан «Онкологин цамгаршца къийсам латтор» регионан программа кхочушъяран гурашкахь зӀаьнарийн терапин отделенина эцначу «линейни ускорителе» хьавсира тхо. Юьйцуш йолу аппарат кхузаманахь дуьненахь а уггаре а тоьлла, ницкъ, таронаш йолуш ю, онкологин цамгаршна дарбанаш лелорехь зӀаьнарийн гӀоьнца онкологино дӀалаьцна чов дӀайоккхуш а, жимъеш а оьшуш йолу», – ишшта хаам бо министра Сулейманов Эльхана.

2021-чу шарахь онкологин цамгарш йолчу дархошна дарба лелорехь оьшуш йолу брахитерапин аппарат эца дагахь ю вайн МогашаллаӀалашъяран министерство.

Оцу аппарато онкологино дӀалаьцначу чевнна тӀе зӀаьнарийн Ӏаткъам беш, иза (опухоль) кӀорггехь, орамехь йохайо.

2021-чу шеран кхоалгӀачу чийрикан чаккхенехь тойина ер ю Онкологин диспансеран корпус. Цигахь дӀахIоттор ю позиторонниэмиссин томографи. Вайн заманахь Радионуклидни диагностика яран методика ю иза. Цуьнан башхалла цкъа цхьана метта дӀахьочу талламехь меженан а, дегӀан чкъуран а метаболически а, хӀоттаман а хийцамаш карбо. Ткъа оцу талламца, зил тоьхча санна, нийса къасталур ду онкологи цамгар, мел жимачу барамехь елахь а, иза хилар.

Позиторонни-эмиссин томографин (ПЭТ) аппаратаца дуьххьарлера талламаш беш, дархой тӀеэца таро йоьалгӀа чийрик дӀаялале хир бу аьлла хеташ ву министр.

Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон республикин Онкологин диспансерехь онкологин гӀо даран службин балхана реза хилира Харитонин Виктор.

Нохчийн Республикин онкологин служба кхидӀа кхиорехь баккхий кхиамаш бохург хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

З.ХИЗИРОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: