Иштта цIе йолуш ю Нохчийн Республикин Яздархойн союзо дукха хан йоццуш арахецначу Россин Яздархойн декъашхочун Хасаров ШаIранин байтийн гулар.

Исбаьхьаллин литература, къаьстина поэзи езархошна кхаъ а, мехала совгIат а ду хIара гулар, хIунда аьлча, Хасаров ШаIрани вайн литературе веана шен, цхьаьнначух а тера доцу, хатI дохьуш, сирла, цIена васташ довзуьйтуш, нохчийн махке, нохчийн матте безам кхуллуш.
Чулацаме, маьIне, хьекъале, оццу хенахь цхьа шатайпа эсала, аьхна ду ШаIранин дош, иза ша а хилла ма-хиллара.
Байттамал! Тахана вайца вац иза. ХIара гулар зорбане дIаеллачул тIаьхьа, стохка кхелхира Ш.Хасаров.
ЦIеххьана хедира цуьнан цIена, хьанал дахаран некъ. Дала гечдойла цунна! Иза бакъдуьнена дIавахана. Делахь а, вайца даха дисина цуьнан дош, цуьнан поэзи. Иза боккха бахам бу. Доккха совгIат ду. Оцу бахаман кIеззиг дакъа бен дац хIокху гуларехь.
Цундела вай тешна ду кхул тIаьхьа а Нохчийчоьнан Яздархойн союзан куьйгалло Хасаров ШаIранин зорбане йовлаза йисинчу байтех вайга ирс оьцуьйтург хиларх. Ткъа цуьнан уьш дуккха а ю.
Ткъа хIокху гуларх дерг аьлча, кхунна, коьртачу декъана, юхаяхана похIмечу поэта шен кхоллараллин некъан юьххьехь язйина байташ. Царах ю, масала: «Лулахойн бешахь», «Марша Iойла», «Бакъ хилла туьйра», «Лаьмнашка», «Хазахетар», дуккха а кхиерш.
Дахаре, шен махке, халкъе… болу безам кхайкхабо цо оцу байташкахь.
ЭхI, ма хаза аьлла цо:
«…Хила соьца хьалха санна
Сан хьал юха дерзаде.
Хазъе синтем боцчу дагна
Беттан буьйса, маьлхан де».
Оцу байтан хIора а дош лекхалуш санна хета. Цундела даьккхина хир ду-кх вайн артисташа цу тIехь илли а.
Воккхалехьа лестича Ш.Хасаровн кхоллараллехь хьикмате ойланаш, хьежамаш хаало. Уьш къеггина гучубовлу шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь язйинчу байташкахь а, балладашкахь а. Кхин цхьа хIума а тосало, даг чу шело, сингаттам хьодуьйтуш…
«Со вогуш ву шуна,
ЦIе летта вогуш,
Цхьаьнгга а цуьнгара
Ваккхалур а воцуш…».
Ша кхалхале ши шо хьалха язйина и байт Хасаров ШаIранис, шен дахаран чаккхе гуш санна. Я баккъал а гуш хилла те цунна и? Ца хаьа. Цо шеца дIаяьхьна и къайле.
«Цхьа а орцах ма вала… Со хьегна дика дош догIуш ду орцах…», – аьлла-кх цо.
Иштта вар-кха Ш.Хасаров. Иштта ю-кх цуьнан хIара гулар а…
Вай тешна ду ШаIранин довха дош вайна кхул тIаьхьа а хезарг хиларх. Иза хьакъ ду халкъана довза, халкъалахь даха.
С.ХАСАНОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 10-гIа де