Президентан грантийн фондо къобалйина «Полк Ахмат» проект

«Цхьааллин Россин Къоначу Гвардин» (#МГЕР) Нохчийчуьрчу отделенин «Полк Ахмат» проект къобалйина Президентан грантийн фондо.

И проект лерина ю тӀекхуьучу чкъурана НР-н хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан некъа тӀехь, дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам а латтош, бакъдуьнена бирзинчу нохчийн халкъан векалийн а хьуьнарш довзийтарна а, церан иэс Ӏалашдарна а.

Цуьнан гурашкахь бовзуьйтур бу нохчийн халкъан машар а, маьрша дахар а Ӏалашдарехь кхелхина Ӏедалан белхахой а, лоьраш а, хьехархой а, журналисташ а.

Билгалдоккху проект кхочушъярехь дакъалоцуш студенташ а, дешархой а хирг хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: