Медицинин мIаьжигаш лелор тIедуьллуш дацахь а, уьш лелор къобалдо

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийна юкъараллин меттигашкахь медицинин мIаьжигаш лелон декхар дар дIадоккхуш хилар. Цу хьокъехь дерг хиира COVID–19-ца къийсам дIабахьаран кадечу штабан кхеташонехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Правительствон Председатель Хучиев Муслим, НР-н Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Хас-Мохьмад, Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, Правительствон Председателан заместитель, юьртан бахаман министр Закриев ИбрахIим, Правительствон Председателан заместительш Висмурадов Абузайд, Усмаев Вахита, могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, кхиберш.

Кадыров Рамзана цигахь аьлла ма-хиллара, эпидеомологин хьал регионехь дикка тоделла.

«ТIаьхьарчу хенахь вайн тидам хилла Нохчийн Республикехь коронавирусца доьзна хьал толуш хиларан. Иза дIаяьллачу новкъа ю. Роспотребнадзоран берриге а лехамаш а, магораш а лардар бахьанехь кхаьчна цуьнга. Пандемица а доьзна, вайн цхьа а социальни объект дIакъевлина яц», – элира цо.

Кадыров Рамзана дIакхайкхийра юкъараллин меттигашкахь медицинин мIаьжигаш лелор тIедилларан раж дIайоккхуш хилар.

«Ас официально дIахьедо мIаьжигаш лелор тахана дуьйна, тIедуьллуш а доцуш, магош хилар. Луучо лелабойла ша-шен ларваран и гIирс. Уьш ца лелайора аьлла, цхьанна а гIуда тухур дац», – бохура республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана, иштта, билгалдаьккхира дозанах дехьа-сехьа довлар паргIат, цхьана а тайпа бехкамаш боцуш, хила дезаш хилар.

Республикера эпидемиологин хьал довзуьйтуш, доклад йира Даудов Мохьмада.

«Больнице веанарг верриге а 23 эзар стаг ву. Уьш берриге а коронавирус йолуш берш а бацара. Царна юкъахь бара (пневмани) пехаш лозуш берш а. Таханлерчу дийнахь, больницашкахь дарбанаш лелош, коронавирус цамгар йолу 139 стаг ву. Кхиамца дIадоьдуш ду вакцинаци яр. Антиковидан вакцинин 20 эзар доза деана Нохчийчу. ХIинцале вакцинаци йина 7 222 стагана. И болх дIахьош бу…», – элира цо.

Кхеташонехь дийцаре дира республика социально-экономикин кхиоран гIуллакхаш.

Москва командировке вахаран жамIаш а довзуьйтуш, къамел дира Хучиев Муслима.

Цо дийцарехь, кризис хиларе хьаьжна ца Iаш, Нохчийчоьнан экономика кхиорехь дика гайтамаш хиларе кхача аьтто баьлла.

«Карарчу хенахь мелла а тоделла къинхьегаман рынкехь долу хьал. Белхазаллин барам 26,7 процент хиллачуьра 19,5 проценте кхаччалц охьабаьлла. Белхазалла кхин а лахъярехь беш болх а бу», – элира цо.

М.Хучиевс тидам тIебахийтина ма-хиллара, Нохчийчоьнан бахархошна массо агIор деш гIо-накъосталла ду. Цунах пайдаэцна 40 эзар сов доьзало, 500 эзар сов беро.

«Бахархошна гIо дарехь доккха маьIна лелийна Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо. Тахана тешна хиларца ала мегар ду республикера социально-экономикин хьал синтеме ду аьлла», – элира М.Хучиевс.

Закриев ИбрахIима дийцира бинчу белхах а, АПК кхиорехь дан леринчух а лаьцна.

«ХIокху шарахь 10 эзар гектара тIехь хиш дахкаран система ян а, юьртабахаман 100 техника эцаран бизнес-проект кхочушъян а дагахь ду тхо. И техника эцча, республикина кхачо хир ю юьртан бахаман техникица. Оха хIинцале а цIандина бахамашна юкъара 150 километр татолаш. Цул сов, гIолоцуш ду ахархойн-фермерийн бахамийн», – бохура цо.

Кхеташо ерзош, Кадыров Рамзана цунна тIедиллира бахамийн мониторинг яр а, баккъал а лаьтта тIехь болх бан луучеран гIолацар а.

Д.АНАДЕВ
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: