Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада тӀелецира орстхойн тукхаман делегаци. Оцу тукхамна юкъа мел догӀучу тайпанийн векалш шайн юкъахь а болуш вовшахкхетта тоба яра иза.

Шайн къамелехь цара Даудов Мохьмаде дийхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане шайгарчу баркаллин кост дӀакхачор. Иза доьзна дара уьш схьабевллачу махкара ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан белхаш дӀахьош хиларца.
Цул тӀаьхьа Парламентан спикера хьешашна оцу кӀошташкахь дӀахьочу балхах лаьцна дийцира, «Буммат – ГаланчӀож – Роьшни-Чу» некъ, жагӀа а бухкуш, чекхбаьккхина хилар а хоуьйтуш, белхан рогӀера дакъа оцу кӀоштарчу некъашна силаман чкъураца кхачояран декъехь дӀахьуриг хилар тӀе а тухуш.
Цигахь билгалдаьккхина ма-хиллара, «Буммат – ЦӀеча-Аьхк», «ЦӀеча-Аьхк – Ялхара», «Ялхара – Роьшни-Чу» некъашна а, иштта, Хьайбах юьрта боьдучу некъанна а дуьллур ду силаман чкъор.
Кхин а маьӀне дара «Буммат – Итон-Кхаьлла» некъ баккхаран болх дӀахьош хилар хаийтар а. Цкъа а хилла а боцчу оцу некъаца вовшашца хуттур ю Эна-Хишкан а, Итон-Кхаьллан а кӀошташ.
Тидамза ца дисира ГаланчӀожан кӀоштара историн а, культурин а, архитектурин а тӀаьхьалонийн объекташ меттахӀитторан декъехь белхаш дӀабахьар а.
Делахь а, коьртачу декъана, цхьаьнакхетарехь дийцаре дина «сепаратизман» гӀуллакх уггаре а маьӀне а, мехала а дара.
Цхьаболчу орстхоша, «тхо, нохчий а доцуш, къаьсттина халкъ ду» бохуш, дечу къамелашца доьзна а, догӀуш а дара иза.
Оцу «сепаратизмана» Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан чӀогӀа резацахилар дӀахаийтира Даудов Мохьмада, иштта дӀахьедарш а, къамелаш а маггане а мегарг цахилар тӀе а чӀагӀдеш.
Цхьаьнакхетаре баьхкинчу орстхойн тайпанийн векалша цхьабосса къобалдира и дӀахьедарш бух боцуш а, питане а хилар, иштта, орстхойн тукхам, дӀакъаста йиш а йоцуш, нохчийн халкъан цхьа дакъа хилар билгал а доккхуш.
И.ХАСАХАНОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де