«Хьаннаш Iалашъяр» федеральни проект а, «Экологи» къоман проект а кхочуш а еш, 2021-чу шарахь Нохчийчохь меттахIоттор ю 749 гектар хьун. Оцу хьокъехь хаам бина Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министран заместитела Мизаев Итона.

«Хьун искусственни меттахIотторна билгалйина 40 гектар, ткъа Iаламехь ша меттахIоттарна – 600 гектар, эйинчу кепашца хьаннаш меттахIитторан белхаш 75 гектар майданахь дIахьур бу. Царах 4 гектара тIера хьун меттахIоттор ю арендаторийн чоьтах, ткъа 71 гектар майданара хьаннаш – субвенцийн чоьтах», – элира Н.Мизаевс.
Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, хьуьнан культураш агротехникин Iалашъяр дIахьур ду 1 600 гектар сов йолчу майданашкахь.
Цул сов, 420 гектар майданахь билгалдеш ду дукха луьста йолчуьра хьун хьакхар. Цунах 200 гектара тIехь и болх дIахьур бу синтаршна кхиа аьтто беш. Хьун жимма нилха яьккхича, хIуо а, малх а кхеташ, синтарш дика кхуьур ду.
Н.Мизаевс дийцарехь, бIаьстенан хьуьнан-культурин белхаш дIабахьарна оьшуш мел долчуьнца кхачойина яьлла.
И белхаш бекарг (март) беттан хьалхарчу декъехь дIаболо дагахь бу министерствон говзанчаш а, белхалой а.
Хь.САИДОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де