Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Соьлжа-ГIалара проспект тоеш-хазъяран белхаш муха дIабоьлхуш бу хьаьжира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Цуьнца цхьаьна вара Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель, юьртан бахаман министр Закриев ИбрахIим а, Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса а.
Закриев ИбрахIима республикин Куьйгалхочунна дийцира карарчу хенахь проспект тоярехь дийнахь а, буса а къахьоьгуш 300 сов стаг хиларх, цаьргахь 50 техника хиларх лаьцна.
Белхалоша хIинцале а хийцина 5 400 метр хин биргIанаш, 600 метр электрокабель, 2 300 метр канализаци.
Цо дийцарехь, чекхдаьккхина гIашлойн некъа тIера шира экъанаш дIаяхар, бордюрийн чхараш дIадахар. Дукхапетарийн пхеа цIенна капитальни ремонт ю еш.
Делахь а, бан безаш а бу дуккха а белхаш. Некъ, шор а беш, цу тIе силаман керла чкъор дуьллур ду, некъан бохалла серлонан 146 бIогIам хIоттор бу.
Водителийн дехарца Лисицынан а, Группови а урамаш жIардовлучу меттехь керла билгалонаш хIиттор ю. И меттиг тоеш-куьце ялор тIедиллира Кадыров Рамзана шеца цхьаьна хиллачарна.
Цо, иштта, билгалдаьккхира «Минутка» комплексо и проспект къагийна дIахIотториг хилар. И комплекс 2018-чу шарахь ян йолийна а, шина корпусах лаьтташ а ю. И шиъ вовшашца юзур ю башхачу нартолца. Вайн пачхьенна юккъе вогIуш, шатайпа ков-гIап хир ю иза, исбаьхьа куьцаш долуш.
Р.Кадыровс аьлла ма-хиллара, тойина яьлча Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу проспект Соьлжа-ГIала къагош дIахIуттур ю, вайн коьртачу шахьаран уггаре а исбаьхьа проспект а хир ю.
Цо билгалдаьккхира тIаьхьарчу шерашкахь республикин пачхье ца йовззал хийца аьтто баьлла хилар а, Россин Къилбехь уггаре а хазачех цхьа гIала йина иза дIахIоттийна хилар а, Соьлжа-ГIалин архитектурин сибат хийцаран болх кхидIа а дIахьуриг хилар а.
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де