ТIаьхьарчу шерашкахь иттаннашкахь керла берийн бошмаш йинехь а, хIинца а еш елахь а, уьш тоьаш яц. Бераш алсамдовларца доьзна ду и хьал.

Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш. Адамаш алсамдовларца дан дезарш а алсамдовлу.
Дийцарехь, Теркан кӀоштан Лакха-Неврехь йолу берийн ши беш кхачаме яц бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а, иштта, гӀишло тиша хилла ца Ӏаш, аренде эцна, мах луш хиларца а доьзна.
Оцу бахьанашца, 140 берана меттиг а йолуш, юьртахь еш ю берийн беш. Къоман «Демографи» проект кхочушъяран гурашкахь дIахьош бу и болх.
Берийн бешахь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду — бераш дийшарна а, кхачабаарна а, кхетош-кхиорна а, спорте марздарна а аьттонаш бийр бу.
Цул сов, медицинин блок а йийр ю. Цу тӀе, уьйтӀе а, кетӀе а, гонахара майда а тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а йийр ю.
2021-чу шеран кхоалгӀачу чийрикехь йина яла езаш ю и объект.
А.КАНТАЕВ
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де