Дагаев Валидан дагалецамаш

РСФСР-н халкъан артиста, нохчийн халкъана дукхавезаш хиллачу илланчас Дагаев Валида нохчийн халкъ цӀерадаккхар хьахийча дийцинарг хӀокху чиллин (февраль) беттан деношкахь къаьсттина карладуьйлу.

1991-чу шарахь, Талды-Курганан лаьмнийн аренашкахь казахийн халкъан турпалхочун Кабамбайн 300 шо кхачар даздеш хIоттийначу мехкан тойне кхайкхина, даханера тхо. Тхоьца цхьаьна Мусаев Мохьмад а вара, иштта, Айдамирова Марем а, Эдисултанов ШитIа а юкъахь долуш, артистийн тоба а яра. Цигахь дакъалоцуш ГIиргIизойн Республикера а, МIомголера а, Чинера а делегацеш яра. Оцу майданахь 150 эзар гергга стаг вовшахкхеттера. Хелхаран къап-къарс эккхийтина хьийзачу ШитIиний, Мареманий гуонаха гулделира адамаш. Шайна хуучу агIор казахаш нохчех хелхабуьйлура. Ас гIиргIизойн а, казахийн а меттанашкахь иллеш дIаэлира. Делегацин куьйгалхо волчу Мусаев Мохьмада соьга элира: «Валид, хьуна казахийн мотт а дика хаьа, хьо кхарна дукхавезаш а ву. ХIинца, вайн делегацин цIарах дош олуш, къамел дан сцени тIе хьалавала веза хьо».

Казахийн маттахь къамел дира ас: «Аш, хьаша ву аьлла, кхайкхий со. Со хьаша вац. Казахстан гергара мохк бу тхан. 1944-чу шарахь, когашIуьйра, лаьхкина далийра тхо шун махка, тхайн дай баьхначу махкара. Шу бусалба хиларна, къинхетаме хиларна, Iожаллех кIелхьарбевлира дукха нохчий. Тхан а хилла шу санна къоман турпалхой. Сайн 5 шо долуш, кIен буьртигаш лехьийна ас казахийн оханаш тIера, жа а, рема а яжийна. Казахашка болу безам, ларам цкъа а бевр бац сан даг чуьра. Оха санна хастадо аш шайн латта а, адам а. ХIай казахаш, кортош кура айбахь а, когаш байбеш биллалаш шайн лаьтта. Мацалла, шелонна беллачу тхан оьздачу дай-нанойн даьIахкаш ма кIезиг ца Iохку хӀокху шун махкахь!«

…Иза иштта дуйла хуучу казахийн белхар иккхира.

«Нохчийн махкахь къонахаллица, цIеначу дагца билгалваьллачунна холхазан куй луш ламаст ду тхан. Мила ву аш иштта лорушверг?», – аьлла, цо мохь тоьхча, Талды-Курганан обкоман партин хьалхара секретарь Тургунов тIевалийра Валидана.

Цунна совгIатана куй дIа а белла, «Абай» илли элира Валида казахийн маттахь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: