Хонкаран а, Россин а тIамехь доккха маьIна лелош яра Анапа гIап. 1791-чу шарахь иза вархI бастионах лаьтташ яра. Уьш вовшашца йоьзна а яра. ГIопана хьалха кIорга а, шуьйра а саьнгар яра, хIордах хотталуш а йолуш. ХIорд болчу агIор Анапина тIекхочийла дацара, тархийн бердаш хиларна а, хи кIорга цахиларна а. Цо даккхийчу кеманашна таро ца лора гIопана гергадаха.

ГIопехь дIахIоттийна 83 йоккха топ яра. Цу чохь 10 эзар турко, 15 эзар гIезало, ногIи, чергази вара. Гарнизонна куьйгалла деш Мустафа-паша вара.
ГIап хIорд болчу агIор ларъеш яра 3 эзар стаг юкъахь волу тIеман флот. Иштта, Анапехь Iаш 20 эзар маьрша стаг вара: эрмалой, гуьржий, желтой, гIажарий.
Шайх Мансуран кхайкхамаша дог-ойла гIаттийна болу цигара бахархой а тIамна кечлуш бара. Шовзткъа денний-буьйсанний тоъал кхачанан сурсаташ а долуш, Анапа йолчухьа дIадоладелира инарла Гудовичан эскар.
1791-чу шеран асаран (июнь) беттан 8-чу дийнахь цуьнан эскар инарла-майоран Шицан эскарца цхьаьнакхийтира. Цул тIаьхьа, ши де даьлча, Гудович Бугура хин йисте дIахIоьттира.
Цуьнан эскаран аьрру фланго дIакъевлира Суджук-Кала боьду некъ. Шицан эскаро хин аьрру агIо дIалецира. И дарца Анапа ламанхойх дIахадийра. Ткъа церан эскарш гуонахарчу лаьмнашкахь тебна Iаш дара. Уьш масийттазза гIопа чу кхача гIоьртира, амма оьрсийн эскарша церан тIелетарш юхатуьйхира.
Асаран беттан 12-чу дийнахь, Гудовичан омранца, 32 йоккха топ тIамна дIахIоттийра кхаа батарейс. Шайн меттигашкахь чIагI а белла, асаран беттан 18-чу Iуьйранна, сатоссучу хенахь, батарейша яккхий тоьпаш етта йолийра гIопана. ХIоьънаша гIопан тайп-тайпанчу меттигашкахь цIераш летайора. ГIопана гуонахара меттигаш а серлаяьхнера леттачу цIераша. Дуккха цIенош дегира. ХIаллакйира кхачанан сурсаташ чохь хилла чоьнаш, дукхахйолу гIишлош йохийнера.
ЦIаро туркой кхерийна хир бу аьлла хеташ, инарла Гудовича асаран беттан 20- чу дийнахь, Iуьйранна бархI сахьт даьлча, геланча вахийтира Мустафа-паша волчу, Анапа схьаялар тIедожош. Иза схьаелча гарнизонна а, цуьнан бахархошна а зен-зулам ца хилийта тIелоцура цо. Нагахь санна ша бохург ца дахь, луьра тIелатар дан а, гIап йохийна дIаяккха а чIагIо йора.
Мустафа-паша кийча вара инарлас бохург дан. Амма Шайх Мансур, гIапларъярхошна тIехь болу шен Iаткъам мел бу а хууш, гIап кхидIа а ларъярна, кхидIа а тIом барна тIехь сецира. Къарлур доцчу цуьнан сине тIелацалур яцара мостагIашна каравахаран ойла. Иза летта вала дагахь вара. Шен махкахошка-ламанхошка а, туркойн салташка а цо дIахьедира, къар а ца луш, юха а ца довлуш, шайн дегнаш детталуш мел ду леттачунна хIокху дахарехь а, эхартахь а Делан дерриге а ниIматаш хир ду аьлла.
ГIапларъярхошна юкъахь боккха сий-ларам болуш вара Имам. Иза турпал а, къонах а, цIена а стаг а лорура массара а. Цундела Мустафа-паше ладугIуш цхьа а вацара. Цара оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом болийра.
Гудовичан хьал а дацара юьхьанца дIора дика. ЧIогIа чIагIйина гарнизон схьаяккха данне атта дацара. Цу тIе, оьрсийн эскаршна тIехьашхула хаддаза тIелеташ, садууш ламанхойн тобанаш а яра.
Оцу хьоле нисвеллачу инарлас командирашца кхеташо дIаяьхьира. Цара сацам бира цIеххьана гIопана тIелата. Асаран беттан 21-чу буьйсанна, туп вовшах а яьккхина, салтий шаьш тIелатар дIадолон долчу дIахьовсийра.
Кубански а, Кавказски а корпусийн эскарш, хIоранна юккъехь бархI-бархI бIе бIаьхо а волуш, еа колонне дIасадекънера. ХIоранна юккъехь ялх-ялх бIе салти а волуш, тIаьхьалонан шиъ а, юккъехь ши эзар бIаьхо волуш, тIаьхьалонан колоннаш а йира. ТIаьхьарчу тIаьхьалонехь 16 йоккха топ яра.
Ламанхойн тIелетарш юхадетта а, чIагIйина туп ларъян а инарла-майоран Загряжскийн виъ эзар стагах лаьтташ долу эскар хIоттийра.
Буьйсанна юккъахь Гудовича омра дира ерриге а батальонашка цхьабосса яккхий тоьпаш тоха аьлла. Оцу юккъехула колоннаш гIопана чухьаьвдира.
Буьйсанна сахьт долуш батарейша сацийра герзаш деттар. ТIаккха эскарш юхадевлира. Герзаш деттачуьра севцира туркой а. Уьш толам базбеш бара сатаса ах сахьт дисинчу а, оьрсаша юха а яккхий тоьпаш етта йолочу а, эскарш юха а гIопана чухьовдучу а хенахь.
Полковника Самарина куьйгалла деш йолу аьрру фланган йоьалгIа колонна, туркаша дукха чIогIа герзаш детташехь, уггаре а хьалха гIопан пена тIе хьалаелира, цу тIехь чIагI а елира.
КхоалгIачу колоннина куьйгалла деш хилла полковник Келлер, еза чов хилла воллушехь, шен салташца цхьаьна, гIопан вола тIекхечира.
Келлеран метта хIоттийначу майорана Веревкинна а йира еза чов, хIетте а, шен салташца цхьаьна, вола тIера юха ца велира иза. И бахьанехь, полковника Мухановс куьйгалла дечу шолгIачу колонно, бастион схьаяьккхира.
Оццу хенахь, гIопан пенашна уллехь, къиза тIом бара оьрсашний, туркошний юккъехь дIабоьдуш. ГIобахилдехьаройн бархI эзар стаг юкъахь волу эскар, лаьмнашкара охьа а доьссина, оьрсашна тIелетира. И тIелатар дукха хала юхатуьйхира гребенски гIалагIазкхаша а, инарла-майоран Загряжскийн доккхачу эскаро а.
Цу юкъана оьрсийн эскарш Анапина гуобаьккхина долчу пенашна тIе хьаладовлуш дара. Шайх Мансура кхайкхамаш бора бусалба дин лардан дIахIитта бохуш. Иза ша а буьрса леташ вара гIопа чу лилхинчу мостагIчун эскархойх.
Делахь а, хаддаза юх-юха а дечу тIелатарша а, оьрсий дукха хиларо а гIапларъярхойн де эшийра. Туркойн гарнизон тIом бан лууш яцара. Уьш а, шаьш-шайн цо кхоош майра летта янычараш а, дийнна тобанашца мостагIчун караэха буьйлабелира.
ХIинца оьрсийн эскаршна дуьхьало еш берш Мансураца цхьаьна болу ламанхой бен бацара. Маржа-яI, дукха кIезиг бар-кха и турпалхой…
1791-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу Iуьйранна 8 сахьт даьлча, инарла Гудовичан эскарш Анапина чухецаделира. Оьрсаша туркошкара 83 йоккха топ схьаяьккхира. Оцу тIамехь Хонкаран 8 эзар гергга стаг кхелхира. Герггарчу хьесапехь оццул хир бара гIопера хIордаца бовда дагахь дIабаханчарах хIорда чу баханарш а. Йийсар ваханера 13 532 турко. Ламанхойх йийсаре кхаьчнарг ткъех а хир вацара. Уьш а чевнаш хилар бахьанехь лата, тIом бан де доцуш бисина хилларш бара. Оьрсаша йийсар бинчу туркошна юкъахь гарнизонан хьаькам Мустафа-паша, цуьнан гIоьнча, дуккха а эпсарш бара. Веккъа цхьа Шайх Мансур вар-кха, караваха ца лууш, тIом беш висинарг. ХIинца цунна юххехь цхьа а мурд ца висинера. Уьш берриге а эгнера мостагIчух леташ, турпалаллица эгнера. БIаьрг-негIар ца тухуш Iожалла тIеэцнера цара.
ХIоъ-молха долчу ларми чу а ваьлла, шен ма хуьллу дуьхьало еш, герз детташ вара имам. МостагIий цунна юххе тIегIорта ца баьхьара. Имаман карахь цIеран хаьштиг дара. ХIоъ-молханийн ларма эккхийта ойла хилла вара иза.
Нохчийн мотт хууш волу геланча вахийтира Мансурана тIе. Цо цуьнга геннара мохь бетташ элира инарла Гудовича шега дIаала аьлларг…
Инарлас дош лора Шайх Мансур сий-ларамечу йийсархочун хьолехь латто а, Петербухехь боккха ларам беш Iайта а. Иза цига дIавига везаш вара паччахьна Екатерина ШолгIачунна гайта.
Гудовича цунна иштта дош делира, Хонкарца машар бинчул тIаьхьа, цунна тIеман йийсархочунна санна маршо яла. Амма Имам цуьнан дашах ца тийшира. Иза герз детташ вара, цхьа а шена герга ца вуьтуш. Патармаш чекхдевлира. Дан хIума доцуш, гатвелира иза. ХIоъ-молха чохь долу ларма эккхийта Делах ца ваьхьира иза, Къуръано ша-шена тIе куьг дахьар доьхкуш хиларна. Аьтто боьхна висира Имам…
И бахьана долуш аьтто белира оьрсийн инарлин, дийна а волуш, Шайх Мансур схьалаца. Иза тIом бина велира… Амма къарвелла-м вацара кхерам бевзаш воцу Кавказан дуьххьарлера Имам.
(Пайдаэцна I.Мусаевн «Шайх Мансур» книгах)
С.ХАМЗАТОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де