Нохчийн меттан денна лерина дан дезачу гIуллакхех лаьцна дийцира

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь чиллин (февраль) беттан 9-чу дийнахь рогIера кхеташо хилира.

Нохчийн маттаца доьзна долу мел жима гӀуллакх а мехала ду шен къоман маттах доглозучунна. Кхеташо дIайолош, Институтан директора Умхаев Хьамзата шена кхаъ хилла хазахетар дийкъира институтан коллективаца.

Иза дара институтан белхахочо Джунаидов Мохьмада кхочушбинчу талламан белхан хьокъехь. Мохьмад аномастикин декъехь къахьоьгуш ву.

Нохчийн ширъелла цӀераш гулъеш, цо хӀинцале а, дIаязйина нохчаша божаршна тохкуш хиллачарах 7 эзар а, зударийн 3 эзар а цӀе.

Цул тӀаьхьа хилла къамел оханан (апрель) баттахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдан дезачу гӀуллакхех лаьцна дара. Масала, Нохчийн меттан институтан куьйгалло дӀахьур ю нохчийн мотт кхиорехь нислучу халонех лаьцна дуьйцуш йолу Ерригроссин барамехь йоккха конференци.

Нохчийн меттан денна лерина дӀахьур ю «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» а, «Нохчийн меттан тоьлла кабинет» а республикин конкурсаш.

Хьалхуо, оха хаам бина ма-хиллара, дешархойн нохчийн маттехула долу хаарш зеран Ӏалашонца, институто республикин школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна юкъахь республикин олимпиада дӀаяьхьна кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь.

Цу тӀе, Нохчийн меттан институто вовшахтухур ду, ЮНЕСКО-н дӀадолорца, 2000-чу шарахь дуьйна чиллин беттан 21-чу дийнахь билгалдоккхуш долчу Къоман меттан дуьненаюкъарчу денна лерина, Этнографин диктант язъяйтаран гӀуллакх а.

Иштта, Хьамзата дийцира Нохчийн меттан институтехь шен музей вовшахтоха езаш хиларх а. Цунна историн а, этнографин а, литературин а мехалла, исбаьхьалла гойту шира экспонаташ оьшург хиларх лаьцна а элира цо.

Иза хаза кхаъ бу аьлла хета институтан белхахошна хилла а ца Ӏаш, нохчийн маттах ойла хьерчаш волчу вайн муьлххачу а махкахочунна.

Кхеташо ерзош, Нийсаяздаран йоккха дошам хIотторан белхан тобан декъашхой шайн къаьстинчу кхеташоне гулбелира. КIиранах цкъа вовшахкхета тоба. Ткъа оцу кIиранах хIора а, ша тIелаьцна болх беш хуьлу. Интерактивни у тIехь дийцаре до хӀора дош. Царна доккха накъосталла деш ву программист Султанов Зеламха.

З.ХИЗИРОВА
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: