Тайсумова Тамарин суьртийн гайтам

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» пачхьалкхан галерейхь, чиллин (февраль) беттан 8-чу дийнахь Россин Федерацин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочун Тайсумова Тамарин суьртийн «Керла агӀо» цӀе йолу гайтам схьабиллира.

Даздаран хьолехь, гайтам схьабоьллучохь дакъалецира НР-н Парламентан депутата Нагаев Ӏадлана, республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, РФ-н хьакъволчу суьрташдахкархочо Заураев Вахитас, ткъа иштта, Тайсумова Тамарин кхолларалла дукхаезачу наха а, студенташа а, Исбаьхьаллин школин хьехархоша а, дешархоша а.

Тамарин дахарх а, кхоллараллах а, кхиамех а лаьцна йоцца доклад йира.

К.Ибрагимовс билгалдаьккхира Тамара шатайпа похӀма долу суьрташдахкархо а, суьрташдахархо а хилар: «Тамара шен Даймохк дукхабезачу суьрташдахкархо ю. Иза цуьнан кхоллараллехь хаалуш а ду. Тамарас нохчийн истангийн суьрташ дохку. Цуьнан суьрташца кечйийр йолуш ю Хонкарарчу нохчийн къомах волчу мухӀажара истангех лаьцна язйина йолу Яздархойн союзо зорбане йоккхуш йолу книга«.

Тамарин кхоллараллехь кхиамаш хуьлийла лаарх дерг а олуш, К.Ибрагимовс П.Захаровн цӀарах йолу мидал елира цунна.

Парламентан депутата Нагаев Ӏадлана билгалдаьккхира музейхь хуьлучу гайтамашкахь дешархоша дакъалацар дика гӀуллакх хилар.

«Культура, искусство евзаш кхио беза вай вешан кегийрхой. Хазаниг, диканиг, пайдехь дерг Ӏамор вайна Дала тӀедиллина а ду. Баркалла ала лаьа и бераш хӀокху музей далош баьхкинчу церан хьехархошна. Т.Тайсумован белхашкахь суна вайн къоман вад го. Цуьнан хатI керла ду искусствон хьаьрмахь. Дала аьтто бойла хьан, Тамара», – элира Ӏадлана.

Заураев Вахитас элира: «Дуьненахь а евзаш йолчу искусствоталлархочо Бойцова Татьянас элира Тамара нохчийн суьрташдахкархойх дуьххьарлера ю ша реза йолу похӀма, хьуьнар, хьежам болуш иза хиларх а, цуьнан кхоллараллехь баккхий кхиамаш хир бу аьлла ша тешна хиларх а».

Тамара нохчийн истангийн суьрташ дохкуш ю. ХӀора истангана цхьа агӀо дӀало цо. Суьртийн кочар вовшахкхетта цуьнан.

Тамарас иштта элира шен гайтамах лаьцна: «ХӀора сурт керла ду. Дерриге а 11 сурт ду инстангийн тематикина дилина. Цундела гайтамна цӀе а «Керла агӀо» аьлла тиллина ас».

Абстракцин а, реализман а жанрашкахь болх бо Тамарас. Соьлжера берийн Исбаьхьаллин школа чекхъяькхъкхина цо 1999-чу шарахь. 2009-чу шарахь – Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан исбаьхьаллинграфикин факультет.

Студентка йолуш дуьйна а йовза йолало цуьнан кхолларалла. Ткъа дуьххьарлера кхиам 2013-чу шарахь дозанал арахьа хуьлу. «New York Reallizm» дуьненаюкъарчу конкурсехь толам боккхуш, дашо мидал йокху цуьнан суьрто.

Оццу шарахь Швецехь а гайтаме дохку цуьнан суьрташ. Швецин къоначу суьрташдахкархошна мастер-класс гойту Тамарас.

2016-чу шарахь Дагестанерчу Каспийск гӀалахь йолчу Кхузаманан искусствийн музейхь цо даьхначу суьртийн гайтам а хуьлу. Ткъа рогӀерчу «Керла агӀо» гайтаме даьккхинарг 20 сурт ду. Царна юкъахь къаьсттина тӀехь бӀаьрг соцу «Сийна памбархат», «ЦӀен алцӀензӀам», «Истанг», «ПӀелган лар», «Аренийн зезагаш», «Машаран проспект» суьрташна тӀехь.

Т.Тайсумова шен чам, хьежам, лехам болуш суьрташдахкархо ю. Шен искусство дуьненаюкъарчу тӀегӀанехь латто похӀма долуш а ю, нохчийн кхерчах хаьдда къоман хазнаш йицйина лелар йолчарех а яц.

Суьртийн гайтам бекарг (март) беттан 1-чу дийне кхаччалц лаьттар бу музейхь.

З.ЯХЪЯЕВА
№11, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: