Е.Глинкин цӀарахчу Республикин берийн клиникин больницехь (РДКБ), Онкологи йолчу берийн дуьненаюкъарчу денна лерина, «йиллинчу неӀарийн» де дӀаьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Берийн онкологин а, гематологин а туьше хьаьжначул тӀаьхьа, цигарчу къоначу дархошца къамел хилира республикин Куьйгалхочун. Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондо даийтина совгӀаташ а дӀаделира цо берашна.
РДКБ-н белхан хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀу цуьнан тергонехь онкологин а, гематологин а цамгарш йолу 417 бер хилар. Ткъа лакхахь хьахийначу Берийн онкологин а, гематологин а туьшах лаьцна дуьйцуш, иза дӀадаханчу шарахь схьайиллина а, 50 маьнга-меттигана лерина а хилар медицинин декъерчу Европин лехамашца йогӀуш хилар билгалдаккха догӀу.
«18 шо кхачаза долу бераш ду хӀокху туьшахь. Ша бер а, цуьнца цуьнан нана а еххачу хенахь кху чохь Ӏан дезар тидаме а оьцуш, оьшуш мел долу хьелаш кхоьллина. Берриге а белхаш, чу серло тасаран биста кхаччалц, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Юкъараллин фондан чоьтах бина», – элира РДКБ-н коьртачу лоьро Межидов Казбека.
Чаккхенехь, онкологин служба кхиорах лаьцна дуьйцуш, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира иза коьртачу гӀуллакхех цхьаъ хилар.
Цул сов, цо тидам тӀебахийтира бахархошна шен-шен хенахь диспансеризаци яран болх а дӀабахьа безарна, хӀунда аьлча, цунах чекхбовлучу бахархошца цхьа лазар я цамгар хилар хьалххе гучу а долу, тӀаккха (хьалххе) лелийна дарба эвсаре а хуьлу.
Онкологи йолчу берийн дуьненаюкъарчу дийнахь РДКБ-хь 50 дархо тӀеэцна. Уьш Нохчийн Республикин берийн коьртачу онкологан учетехь бара.
Царна, амбулаторехь тӀеэцарал сов, масех тайпана медицинин таллам а байтира: цӀийнан биохимин анализ, УЗИ, КТ, МРТ, и.дӀ.кх.а.
И.ИСЛАМОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де