Пачхьалкхан статистикин федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу «Чеченстата» хаийтина карарчу шеран кхолламан (январь) баттахь мехийн индекс 100,3% тӀегӀанехь хилла хилар. Изза хьал хилла даханчу шеран кхолламан баттахь а.

Билггал аьлча, цхьамогӀа сурсаташна (стоьмаш а, хасстоьмаш а) мехаш тӀекхетта баханчу баттахь: картолашна – 10,5%, хохашна – 9,3%, кемсашна – 7,5%, копасташна – 6,8%, буракана – 3,5%, бананашна, дакъийначу стоьмашна – 2,3%, наьрсашна – 2,1%, помидорашна – 1,5%.
Иштта, мехаш охьадевлла сурсаташ (стоьмаш, хасстоьмаш) а хааделла: кхорашна – 1,9%, жӀонкашна, Ӏежашна – 1,8%.
Цул сов, кхидолчу сурсаташна а мехаш дикка тӀекхетта: 5,1–8,0% – чӀерийн консервашна; 2,2–3,7% – кӀалдана, зайтдаьттана, гӀорийначу чӀерана, нехчана, и.дӀ.кх.а.
Цуьнца нийса а догӀуш, уггаре а ца хилча ца долучу сурсатийн мах, юккъерчу барамехь, 4 489,5₽ бара республикехь кхолламан (январь) беттан чаккхенехь, цул хьалхарчу баттаца хьал дуьстича, мах 1,0% тӀекхетта а.
И.ИСЛАМОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де