Сийлахьчу Ражаб беттан хьурмат деш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионан юкъараллин фондо, ламасте дирзина ма-хиллара, цхьамогIа гӀоьналлин гӀуллакхаш дӀадаьхьна.

Белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн, цкъа хьалха, 580 доьзална а, цул тIаьхьа 1 139 доьзална а ахчанца гӀо-накъосталла дина, хӀора а доьзална 20 эзар ₽ а луш.
Кхелхинарш Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон а, Къоман гвардин а белхахой хилла бу.
«… Церан доьзалшна тайп-тайпанчу дакъошкахь гӀо ду деш – хӀусамашца кхачоярна тӀера белхан меттигаш нисъярна тӀекхаччалц», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Иштта, РОФ-ра ахчанца гӀо-накъосталла кхачарх пайда а оьцуш, цхьамогIа доьзалийн а аьтто хир бу цомгаш долчу шайн берашна кхузаманахьлерчу а, лаккхарчу тӀегӀанера а дарба лаха.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, оцу хьокъехь хаам беш, бовзийтина фондо гӀо динарш. Уьш бу: А.Бериева (цуьнан йоӀ ю цомгаш), 8 шо долу А.Бачиева, Э.Дадаева (цуьнан йоӀ ю цомгаш), 1,5 шо долу С.Демельханова, 10 шо долу Э.Мандыхаджиев, 6 шо долу С.Сайдальвиев.
И дерриге а гӀуллакхаш фондан президентан Несин Айманин дӀадолорца дӀадаьхьна хилар а билгалдаьккхира цо.
Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн доьзалша баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.
Цара билгалдаьккхира шайна сих-сиха гIо-накъосталла деш хилар.
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де