ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Нохчийн Республикин Цхьааллин Концепцин 8 шо кхачар билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментехь.

Оцу департаментан куьйгалхочо Абдулаев Аслана цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председательца Денильханов ИсмаьIалца а, «Единая Россия» партин республикерчу отделенин Регионан кхочушдаран комитетан куьйгалхочуьнца Динаев Iаднанца а, республикин Динан урхаллин Юкъарчу отделан куьйгалхочуьнца Хаджимурадова Маликица а, иштта, коммерцин йоцчу дуккха а кхечу организацийн куьйгалхошца а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун Кадыров Хас-Мохьмадан цIарах Абдулаев Аслана Баркаллин кехаташца а, Сийлаллин грамоташца а билгалбехира коммерцин йоцчу организацийн куьйгалхой.
– ДIадахана шо вайна массарна а, цхьабосса, чолхе деара. Шух цхьа а юьстах ца висира махкана а, халкъана а уггаре а гIо-накъосталла оьшучу хенахь. Тахана хета тарло и шо кхин хала а ца хиллера аьлла, хIунда аьлча, муьлххачу а халонех чекхваьлла ваьлча, жимма атта хета иза. Цул сов, хIокху масех шарахь дIахьочу Цхьааллин концепцин Iалашо кхочушъярехь аш дуккха а белхаш бина, – элира Абдулаев Аслана.
Билгалдаккха лаьа: Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедилларца, 2013-чу шарахь дуьйна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаменто тайп-тайпанчу ведомствошца а, юкъараллин организацешца а дIахьош ду Цхьааллин концепци кхочушъяран гIуллакхаш.
Цуьнан Iалашо – Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ кхидIа дIабахьар а, Кадыров Рамзанан кхиамаш ларбийр болу а, дебор болу а къона тIаьхье кхетош-кхиор.
Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташна ша еллачу интервьюхь Абдулаев Аслана билгалдаьккхира: «Цхьааллин концепцин болх – иза вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалбаьккхина, тIейогIучу хенахь вай дIабахьа безаш болу некъ, вай бан безаш болу белхаш бу. Оха хIун болх бина? – аьлла, хаттар дича. Вайн нах кхетийта, цаьрга ойла яйта, иштта, эр ду ас, уггаре а хьалха, гIала, юрт, кIошт хаз ца ло гIишлошца. ГIала хазъялар а, юрт хазъялар а цу чохь бехачу нахаца ду. Нагахь санна, оцу нахехь хаза гIиллакх а делахь, уьш оьзда а белахь. Ткъа нах оьзда, гIиллакхе ца хилча, уьш бехаш йолу мел хаза шахьар а эрча йолу. Тахана гIалин я юьртан ураме ваьлча, белабелла, гIиллакхе нах го вайна, къаьсттина кегийрхой гIиллакхе хиларо дог деладо. ХIокху бархI шарахь Цхьааллин концепцин гурашкахь дIабаьхьначу белхан жамI ду аьлла хета суна иза. Тхан департаментаца цхьаьна дуккха а министерствоша, динан а, юкъараллин а организацеша мел лахара а 250 эзар мероприяти йина кегийрхошна нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш, дин довзийтарехь а, вайн доьзалш чIагIбарехь а, юкъаметтигаш нисъярехь а, девнаш дIадахарехь а. Боккха болх бу хIокху махкахь бинарг. Цуьнан беркат а ду доккха».
ВЕГИЕВА Макка
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де