ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь хIаллакйина Бютукаевн гIера Россехь федеральни тIегIанехь лохуш хиллачу террористийн тобанех тIаьххьарниг яра.
Нохчийн Республикин МВД-н Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу лерринчу Iалашонан полицин полкан бIаьхоша кхолламан (январь) беттан 20-чу дийнахь Котар-Юьртана уллехь кхиамца дIаяьхьира леррина йолу операци. Иза дIахьош хIаллакйира 5 стагах лаьтташ а йолуш, федеральни тIегIанехь лохуш хилла Бютукаев Асланан гIера.

Россин Федерацехь йихкина йолчу террористийн «Имарат Кавказ» организацин куьйгалхо Бютукаев Аслан а, цуьнан гIера а хIаллакьярехула леррина йолу операци Котар-Юьртана уллехь дIаяьхьира.
Уьш Нохчийн Республикехь тIаьххьарнаш бара терроризман гIуллакхаш лелорна федеральни тIегIанехь лохуш хиллачарах. И операци кхиамца дIаяхьарца церан доь дайъина вайн лаьтта тIехь.
Кадыров Рамзана, дуьххьалдIа, ша дакъалецира план кечъярехь, ткъа иза кхочушъяр тIедиллира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу лерринчу Iалашонан полицин Чалаев Замида куьйгалла дечу полкана. Леррина йолу операци дIаерззалц, цунна тIехь куьйгалла дира республикин Куьйгалхочо иза дIахьочу меттехь, гIайгIабора чевнаш хиллачеран.
– Дуккха а шераш дIадахана Ахьмад-Хьаьжин коша тIехь лаьтташ республикин хьалхарчу Президента терроризмана дуьхьал дIаболийна тIом вайн лаьтта тIехь тIаьххьара шайтIа хIаллакдаллалц дIабахьа ас дош деллачул тIаьхьа. Бандподполье ерриге а хIаллакьяран хьокъехь Лаккхарчу Коьртакомандующис дина омра кхочуш а деш, Ахьмад-Хьаьжин новкъа схьадогIуш долчу вайн дуккха а зерех, халонех чекхдовла дийзира. Тахана ас кхочушдина омра, лардина сайн дош, – яздира Р.Кадыровс цунах лаьцна Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.
Регионан Куьйгалхочо хаамбина ма-хиллара, Россин Президента Путин Владимира баркалла элира Россин Турпалхочун А.А.Кадыровн цIарахчу лерринчу Iалашонан полицин полкан бIаьхошна цара КотарЮьртана уллехь леррина йолу операци дIаяхьарна.
Цо дийцарехь, пачхьалкхан куьйгалхочунна юьххьехь дуьйна хууш дара леррина йолу операци дIаяхьарх дерг, цунна шен нисдарш юкъадаладора, тIедиллира ма-хуьллу лаккхарчу корматаллица операци дIаяхьар, бIаьхошна юкъахь дIакъестарш а ца хуьлуьйтуш.
Газетана еллачу интервьюхь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу лерринчу Iалашонан полицин полкан командира Чалаев Замида дийцира Бютукаевн гIера хIаллакьярехула йолчу лерринчу операцина муха кечамбира, иза кхиамца чекхъялар стенца доьзна дара.
– Дийцахьа, террористаш хIаллакбарехула леррина операци дIаяхьаран план кечъяр муха дIадахара. Цу тIехь дакъалоцуш мила вара, муьлхачу хаамех пайдаоьцура аш?
– ДIадаханчу шеран гIуран (декабрь) беттан 14-чу дийнахь Рамзан Ахматовича тхуна хьалха декхар хIоттийра вайн республике ван везаш волу шайх шеко кхоллаелла ши стаг лаца аьлла. Цаьрга оьшуш болу хаамаш балийтархьама и шиъ дийна волуш лаца везаш вара. Тхуна хууш дара царна юкъахь Бютукаев воцийла. Видеотергонан камершна тIехь болчу хаамаша гойтура вай долчу вогIуш волу шиъ къона хилар. Тхуна хаьара Бютукаев а, цуьнан гIера а йолу меттиг мичахь ю царна хууш дуйла.
Суна тIедиллинера зуламхой лоьцуш дIахьон йолчу операцина тIехь терго латтор. Шаьшшиъ лоцучу хенахь, нуьцкъаллин структурийн белхахошна герз туьйхира цара, царах цхьаъ граната кхосса а гIоьртира. Дуьхьал герз тоьхна иза вийра. Чевнаш хилла волчу шолгIачун аьтто белира къайлавала. ХIаллаквинчу террористан дегIа тIехь Iожалла тIеэца кечвеллачун доьхка карийра, амма цунах пайдаэца ка ца яьллера цуьнан. Тхо тешна дара къайлаваьллачуьнгахь а, иштта, доьхка хирг хиларх. Цундела, эккхаш болчу гIирсах цо пайдаоьцур бу аьлла хеташ, омра дира иза лаца ма-гIоьртийла аьлла. Иза мичахь ву хьажа сацам бира.
Цхьана хIуманан тидам бира оха. Еххачу хенахь, лаьтта бухарчу хIусамехь Iийча санна чIогIа тIуьна хьожа йогIура цушиннах. Оццу хенахь церан мачашна а, бедаршна а тIехь хоттан лараш яцара. Тхо кхийтира левчкъинчуьра схьабогIуш, цара ризянкин эткаш лелийна а, тIаьхьо кхин мачаш тIеюьйхина а хиларх.
Ткъех дийнахь лийхира оха ши террорист гучуваккха аьтто баьллачу юьртана гонаха и ризянкин эткаш. ТIаьххьара а тхуна карийра уьш.
Оха таллам бира: эткийн айрашна тIерачу хоттан а, кегийчу тIулгийн а хьесапаш деш, гулбинчу хаамийн мах хадийра, хьесапе ийцира Рамзан Ахматовича белла оперативни хаамаш а, лерира лечкъина Iийначу меттера тасадалар хиллачу метте кхаччалц, гIаш некъ беш, герггарчу барамехь мел хан яйъина, герггарчу хьесапехь муьлхачу агIорхьара схьабаьхкина. Иштта, билгалъяьккхира оха Бютукаевн гIера хила тарло аьлла хеташ йолу меттиг, талларан операци дIа а йолийра.
Террористаш хила тарло аьлла хетачу меттехь лехарш дIахьош дIакхиссинчу нехашна тIеIиттаделира тхо. Оцу меттехь, хьем ца беш дIахIиттийра оха видеотерголатторан камерш, фотоловушкаш. Ткъа кхолламан (январь) беттан 19-чу дийнахь цхьана камеро гайтира шеко ерг.
Иза терго латторан зоне веана а, цигара дIавахаза а хиларан хьокъехь хаийтира ас Рамзан Ахматовиче. Делахь-хIета, цигахь хила декхар ду уьш левчкъина меттиг. Куьйгалхочо тIедиллира ма-хуьллу йоккха меттиг чулоцуш гуолацар. Иза дора лелхаш йолчу хIуманех бIаьхой ларбархьама. Дуккха а структураш юкъаялийра оцу балхана, хIорамма а билгалдаьккхира ша дан дезарг. Лаьцначу гуонна юккъехь, тасадалар хила тарлучу меттехь яра тхан полк.
Оха массо а агIор гуо лецира террористашна. Сих ца луш, тхох хIорамма кхочушдора шен декхар, тхаьшна Iамийнарг. Цхьана шарахь оха кечйина хилла операци кхочушйира 30 минотехь.
– Хьалхалерчаьрца юьстича, муха мах хадор бара ахь тIаьххьара дIаяьхьначу операцин чолхаллин?
– Хьалха дуккха а операцеш дIаяьхьнера оха. Цигахь тхан агIорхьара а, мостагIчун агIорхьара а дараш а хилира. Амма, хIара леррина операци дIахьочу хенахь, Рамзан Ахматовича билгалдаьккхира хIора стеган маьIна, тхо мичахь латта деза, герз маца тоха деза бохучунна тIекхаччалц.
Цхьамма а шена кхолла оьшуш дацара сов тIехдаьккхина хIума, гIуллакх доцчохь чугIерта. ХIоранна а хьалха хIоттийнера билггал декхар, дуьххьалдIа шегара лоьхуш дерг дан дезаш а вара. Оха иштта дан а дира. Тхаьш кхерамна кIел ца хIиттош, тхайга Куьйгалхочо ма-аллара, леррина операци чекх а яьккхира.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра леррина операци дIаяхьаран тIегIанан, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан белхахойн корматалла, цхьанаэшшара гIуллакхаш дар билгал а доккхуш. Муха дIадаьхьира террористаш хIаллакбарна бIаьхой кечбар, мел хан ийшира цунна?
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкехь ши рота ю – гIалин а, хьуьнан а. Оцу шина рото дакъалецира дуьххьалдIа Бютукаевн гIера хIаллакьярехь.
Нагахь ерриге а полк хьесапе эцча, со куьйгалле хIоттийчахьана Гуьмсехь йолчу спецназан Россин университетаца цхьаьна бIаьхой кечбарна оха пайдаэцна спортан 1 миллион 100 эзар патармех. Къаьсттина тидам тIебохуьйтура оцу шина ротина.
Хьуьнан рота кечъечу хенахь, оха алссам тидам тIебохуьйту хьуьнан меттигашкахь тIом дIабахьаран бакъонашна. БIаьхой Iамабо хьуьнан меттигашкахь муха лела беза, чевнаш хиллачу меттигашкахь пайдаэца безачу бакъонашна, иччархоша, пулеметчикаша нийса меттиг харжарна, муха юхавала веза, дуккха а кхидолчунна.
ГIалин рота Iамайо адамаш дехачу меттигашкахь тIом бан, гIишлонна тIелата, бандиташ схьалеца, кхидолчунна. Тайптайпана ду уьш Iамор. Оцу меттигех хIоранхьа а тIом бар шен башхаллаш йолуш ду. Масала, 100 метр генара герз тохар гIалин а, хьуьнан а меттигашкахь тайп-тайпана хир ду.
Нагахь хьуьнан рота гIалин меттигашка хьажийча дуккха а гIалаташ довлуьйтур ду цо, хIунда аьлча, кечамбар тайп-тайпана хиларна. Нагахь операцеш йоцуш, паргIат хан хилча, оха (Iуьйранна дуьйна) сарралц тренировкаш йора, цхьана а минотана юкъах а ца довлуш. Цхьана шарал сов хан дIаяхара тхан бIаьхой кечбарна.
2000-чу шерашкахь хиллачу бакъо йоцуш вовшахкхеттачу тобанех тIаьххьарниг яра Бютукаевн гIера. Оцу шарахь тхуна евзира церан амалш, леларан кепаш: муха йо цара шайн базаш, муха дIахIоттадо гIарол, маса сахьт даьлча охьабуьйшу, я хIума юу, вовшашна мел юххехь Iаш хуьлу, маца хуьлу цхьаьнакхетта, я ша-ша къаьстина, иштта, къастийра церан амалш.
Кхузахь шахматех ловзар санна дара, хьайн мостагI эшо лаьий хьуна, цуьнан дагахь хIун ду, цо ден дерг хIун ду хаа гIорта веза. Тхо хьаьвсира, Бютукаевн гIерано дакъа а лоцуш, даьхначу ширачу суьрташка, Iемара цара лелочух кхета. Иштта бара хинйолчу операцина бина кечам.
– Полкан командир а, лерринчу операцин декъашхо а хиларе терра, муха мах хадор бара ахь бIаьхаллин декхарш кхочушдечу хенахь хьайн куьйгалли кIел болчеран корматаллин?
– Шаьш даккхий ца хиллехь а, 2000-чу шерашкахь дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц, тайп-тайпанчу даржашкахь гIуллакх деш схьавогIуш ву со. Со тешна ву айса беш болу некъ нийса хиларх. Ас даггара тIелаьцна иза, иштта бу сан хьежамаш. Цундела хьалха суо ларван ца гIертара со, лар ца лора. Со кхоччуш ца кхетара суо кхерамна кIел хIотторца айса сайн накъостийн могашалла, дахар кхерамна кIел хIоттош хиларх. Амма тIаьххьарчу операцехь Рамзан Ахматовича кхетош элира: «Нагахь цхьанна эшам хилахь жоп дала дезар ду».
ХIоттийна декхар ду, иза кхочушдан а деза, шена хетарг а ца лелош. Куьйгалхочо сайга аьлларг дира ас, полкан бIаьхоша ас аьлларг дира.
– Нохчийн Республикехь хIаллакбинчу Бютукаев коьртехь волчу террористаша кечъеш хиллачу терактех, я МВД-н белхахошна тIелетарг хилла хиларх хаамаш буй шуьгахь?
– Тхуна хаьара уьш цхьана хIуманна кечамбеш буйла, амма ца хаьара стенна. Цул хьалха тхан караеара теракташ кечъярна лерина йолу взрывчатка. Уьш хIаллакбинчул тIаьхьа тхуна хиира тайп- тайпанчу объекташкахь теракташ ян кечамбеш хиларх лаьцна. Масала, ФСБ-хь,я Несарерчу школаинтернатехь.
– Бютукаевн гIера хIаллакйинчул тIаьхьа Закаев Ахьмада дIахьедира и террористаш бакъ болу турпалхой хиларан хьокъехь. Ахь муха мах хадор бара цунна хетачун?
– Закаевс боху ша царна совгIат дийр дара. Амма совгIат дIаоьцуш волчо турпалаллин цхьа гIуллакх дина хила деза. Тасадалар хиллачу хенахь, гIеран декъашхошна дагахь а дацара шайн накъостий ларбеш цхьаьний гIуллакхаш дан деза бохург, уьш дIасабевдира. Оцу террористех цхьаъ Саралиев тIеман арара ведира, чевнаш йина шен накъост тергал а ца веш. Со кхеташ вац ишттачу стагана муха туьллур ю турпалхочун цIе. Нагахь цунна кIиллой санна бевддачарна турпалхойн цIераш тахка лаахь, Закаевс ша-шен сийсазво.
– Къамел чекхдолуш хьуна а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан белхахошна а баркалла ала луур дара аш гайтинчу турпалаллина, леррина операци кхиамца чекхьяккхарца шу декъалдан а. Къамел дерзош, хIун ала луур дара хьуна вайн дешархошка?
– ТIекхуьуш долчу чкъуре ас даима а бохура, хIинца а хьоьху айхьа деш долчун ойла яр, кхойкху шаьш деш дерг нийса ду-дац хьажаре. Вайн халкъан дуккха а дика кIентий нийсачу новкъара баьхна харцонаш лелочу пропагандисташ. Нийса дуй-техьа хьуна цкъа а гина а воцуш, вевзаш воцчу цхьана стага интернетехь дуьйцург? Цунах хьуна, хьан халкъана пайда хир буй-техьа, хIун пайда бина цара шаьш? Иза дагахь латто деза.
Вай ойла ян еза ваьш деш долчун тIаьхьенан. Нагахь хьалха хIиттийна декхарш цIеначу даггара а, АллахIан дуьхьа а кхочушдеш делахь, и гIуллакхаш хьайна деш делахь а – хьан махкана пайдехь хир ду иза.
Цундела кхойкху ас кегийрхошка вайн республикина пайдехь хиндерг даре, террористийн ямартчу къамелашка Iеха а ца дойтуш. Кхерам тIехIоьттинчу миноташкахь шайн накъостий дIатесначарах масал оьцийла дац. Нагахь сайна юххехь чевнаш йина накъост а витина, вадар-м юкъадогIуш а дацара, ур-атталла юханехьа айса цхьа гIулч яьккхича а, тIейогIучу хенахь хала хир дара суна иза дагахь а латтош ваха.
Iаламат чолхе хьелаш тIехIиттина суна тхо ялх стагана 40 сов мостагI дуьхьал хIоьттинчу хенахь. Тхох кхоъ тIамехь кхелхинера, цхьаъ чевнаш йина вара, шинга бен кара герз ца эцалора. Оцу хьолехь кхаа сохьтехь дуьхьало йира оха дуккха а алсам болчу мостагIашна. Амма хIетахь а цхьана секундана коьрте ойла ца еара чевнаш йина накъост, я тIамехь Iожалла тIеэцначеран декъий дитина цигара дIаваха. Хьайна юххехь тIом беш эгна доттагIий а битина дIавахча, суо боьрша стаг ву ала эхь хетар дара суна-м!
РАСУЕВ Ризван
Интервью зорбане кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де