Прокуроран тIедилларца
Федеральни бюджетера шайна 4 миллион сом ахча схьадаккхар доьхуш лехам биначеран гIолецира Соьлжа-ГIаларчу Ахьмад-Хьаьжин кIоштан суьдо – царна и ахча дIадалар тIедожош сацам тIеийцира.
Амма пачхьалкхан «кисана» кховда гIоьртинчеран гIуллакх ца хилира. Оцу сацамна дуьхьал суьдан коллеге апелляци елира прокурора.
Цунна хетарехь, материальни а, процессуальни а бакъонан нормаш талхийнера суьдо — ша аьлча, шега бина лехамаш кхочушбечу хенахь хьесапе ца эцнера, нагахь пачхьалкхан органаша бакъо йоцуш дина гIуллакхаш бахьанехь зен хиллехь, иза Россин Федерацин бюджетера меттахIотто дезарг хилар, ткъа кхечу меттигашкахь – зен хиларна бехке волчун чоьтах.
Ткъа гIуллакхан материалашкахь доцуш дара пачхьалкхан органийн гIуллакхаша зен дина хиларна тоьшалла деш долу бакъдерш. Цу тIе, процессуальни законодательствос беш болу лехам хьесапе а ца оьцуш, суьдо граждански гIуллакх къастийра, дакъалоцуш прокурор а воцуш. Иза а суьдан гIалат дара.
И дерриге а хьесапе а эцна, шолгIачу тIегIанан суьдо прокурора еллачу апелляцина жоп а делла, суьдан сацам бохийра. ГIуллакхехула болчу керлачу сацамца искан лехамаш кхочушбарна дуьхьало йина.
Жоп дала дезар ду
Хица кхачояран декъехь бюджетан законодательство муха кхочушдо таллар вовшахтоьхна регионан прокуратуро. Терго латторан органан векалша тидам тIебахийтира Шелковски станицехь, масала, меттигерчу ша урхалла даран органо хи IаIоран станци ярна юридически стагаца 5,1 миллион соьман механ муниципальни контракт хIоттийна хиларна. Иза хIоттийначу доьалгIачу дийнахь контрактаца билгалдина ахча дIаделлера.
Цуьнца цхьаьна, талламхошна, иштта, гучуделира гIишлошъяран белхаш буьззинчу барамехь кхочушбаза хилар. КС-2 хормица долчу тIеэцаран акта тIехь дина доцург гайтина.
Шайн агIорхьара меттигерчу ша урхалла даран органан даржехь болчу белхахоша хьакъ боллу таллам латторна кхачо ца йина подрядчико шен тIелацамаш нийса кхочушбарна тIехь. Цо тIедалийра муниципальни цхьаьнакхетараллин бюджетана 2,7 миллион соьмана сов зен дарна.
Цунна тIе а доьгIна, законан талхораш дина хилар гойтуш йолу материалаш, РФ-н УПК-н 37-чу статьян 2-чу декъан 2-чу пунктаца нийса а догIуш, оцу дерригенна а бехке болчарна дуьхьал уголовни гIуллакх доладайта юьхьанцара таллам баран органе дIахьовсийра.
Уьш къастийначул тIаьхьа, РФ-н УК-н 159-чу статьян 4-чу декъехула (ямартло лелор) уголовни гIуллакх а долийна.
Дерригенан а бала кхочу
Чекхдаьллачу шеран гIуран (декабрь) баттахь таллам дIахьочу хенахь Нохчийчоьнан прокуратурина гучуделира Соьлжа-ГIаларчу Садаевн урамехь некъ дикалла йоцуш тобина хиларан хьокъехь регионан автомобилийн некъийн министерстве арз кхаьчна хилар. Амма иза шен хеннахь къастийна а дацара, яздиначунна шен хеннахь жоп а ца деллера.
Дикалла йоцуш тобина некъ а, оцу балхана эрна йина харжаш а тидам боцуш юьсург цахилар шеконе дилла оьшуш дацара. Кхузахь талламхоша коьрте хIоттийнарг адамийн хьашташ, церан дезарш, Iедалан органийн векалийн цаьрца йолу юкъаметтигаш яра – аьлча а, ведомствос шега кхаьчна арз шен хеннахь къастийна а, законаца билгалйинчу хенашкахь цунна жоп делла а цахилар. Цундела гIуллакхан тIаьхье а хилира хьакъ доллучу кепара.
Закон талхийна хилар хьесапе а оьцуш, ведомствон некъашна ремонт яран, уьш Iалашдаран департаментан директорна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долийра, цо гражданийн дехарш къасторан къепе талхийна хиларна (РФ-н КоАП-н 5.59 статья).
Министерствехь къастийра бина лехам. Оцу гIуллакхна бехке волчунна гIуда тоьхна 5 эзар соьман барамехь. Оцу бакъдолчо кхин цкъа а тоьшалла дира прокуратурин органашна адамийн дахарехь хуьлуш долчун дерригенан а бала кхочуш хиларна, адамийн хьашташна иза даима а ондда гIаролехь лаьтташ хиларна.
Хаддазчу тергонехь
Къоман проекташ кхочушъяр шен хаддазчу тергонехь латтадо Невран кIоштан прокуратуро.
Царалахь ша къаьсттина меттиг дIалоцу къоман «МогашаллаIалашъяр» проекто. Иза ларамаза а дац: терго латторан органан векалш кхета, доккхахдолчу декъана, вайн хиндерг адамийн могашаллица, дахарца, церан хьашташца доьзна хиларх. Цундела, хIора а дийнан балхахь Iаламат доккха маьIна лелочу оцу гIуллакхна шайн дакъа юкъадуьллуш схьабогIу уьш.
ТIаьхьарчу хенахь юьхьанцара медико-санитарни гIодаран Iалашонца кIоштара юьстах йолчу ярташкахь гIуллакх дан йолаелла фельдшерийн а, фельдшерийн-акушерийн а 6 пункт.
Бакъонца уьш гIуллакх дан юьйлаеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна и социальни объекташ шен тидаме эцна прокуратуро.
Бакъду, ярташ юьстах хиларца доьзна, цигахь кхоллалуш йолу ледарлонаш ма-хетта сиха дIаяхарна тIехьажийна гIуллакхаш дар даима а ца нисло керла схьайиллинчу оцу объекташкахь.
Халахеташ делахь а, иштта хилира, масала, Клинковн-КIотарахь а. ТIаьххьара бинчу цхьана талламо гайтира керла йина фельдшерийн пункт, еххачу хенахь, болх ца беш лаьтташ хилар. Ткъа шолгIачохь, Свободнехь йолчу фельдшерийн-акушерийн пунктехь, ларъеш яцара юьхьанцара медико-санитарни гIо даран къепе. Цуьнца цхьаьна, талхадора лицензи тIехь билгалдаьхна хьелаш. Сихха тидам тIебахийтар лоьхуш гIуллакхаш дара уьш.
И дерриге а хьесапе ийцира кIоштан прокурора Бибулатов Рустама, РФ-н КоАП-н 19.20 статьян 2-чу декъаца нийса а догIуш, даржехь волчу жоьпаллин белхахочунна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь гIуллакх долош.
Оццу хенахь Невран кIоштан больницин коьртачу лоьрана тIедожийра и кхачамбацарш дIадахарна тIехьажийна йоццачу хенахь гIуллакхаш дар.
Прокурора бина лехам нийса лерира. Законан талхораш хилийтарна бехке болу белхахой административни а, низаман а жоьпе озийра.
Трансформатор дика болх беш ю
Регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис тIедилларца теллира Хьалха-МартантIерчу Чеховн урамерчу трансформатора лартIехь болх беш цахиларан хьокъехь социальни инстаграм сетехь баржийна хилла хаамаш. Талламхоша тIечIагIдира иштта меттиг хилла хилар.
Цуьнца доьзна, кIоштан прокурора гIуллакх долийра административни бакъонаш талхоран хьокъехь (РФ-н КоАП-н 9.11 статья). Цуьнца цхьаьна, энергица кхачояран организацин куьйгалхо декхарийлахь вира билгалдаьхна кхачамбацарш дIадаха. Терго латторан орган оцу кеппара юкъагIортар бахьанехь, тахана, ала хIума доцуш, гIуллакх деш ю трансформатор.
Нохчийн Республикин прокуратурин сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де