«Со веха диканна гIаьттина»

Россин культурин хьакъволчу гIуллакххочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, Россин Журналистийн союзан декъашхочун, Гуьмсан кIоштан «Гумс» газетан редакторан, поэтан, гочдархочун, публицистан Борхаджиев Хож-Баудин 65 шо кхачаран юбилей язъяран суьйре дIаяьхьира Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь.

Поэт декъалван а, цунах лаьцна довха дешнаш ала а суьйрене баьхкинера: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула волу хьехамча Ельсаев Iаламахьад, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан редактор Ирисханов Iимран, нохчийн яздархой, поэташ, артисташ, кхиберш.

Суьйре дIахьош вара Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, поэт Юсупов Руслан.

Хож-Бауди дика журналист, поэт, гочдархо, публицист хиларал сов, халачу хенахь къахьегна журналист а ву.

Вайн махкана уггаре а хала мур тIехIоьттича а, къар ца луш, журналистикехь къахьегна Хож-Баудис. Бакъдош дIаала ийза ца велла иза. «Гумс» газетехь даима а керланаш хуьлура. Махкахошка газет дIакхачийтар а шен декхар хетара цунна. Тахана а шен оьздангаллах а, шен дашах а ца вухуш, вайна юкъахь сий-ларам болуш, схьавогIуш ву иза. Цуьнан адамалла а, дика амал а йийцина вер вац. Иштта дуккха а диканиг ду цуьнан кхоллараллех ала а. Делахь а, доцца аьлча, шен Даймохк, ненан мотт, къам дукхадезаш ву вайн доттагI, – элира Ельсаев Iаламахьада.

Шайн доттагIаллах а, поэтан кхоллараллах а лаьцна дийцира Цуруев Шарипа, Ахматукаев Адама, Бурчаев Хьалима, иштта кхечара а.

Х-Б.Борхаджиев масех книгин автор ву, цул сов, нохчийн эстрадин артисташа цуьнан байташ тIехь дIаолуш дуккха а иллеш ду.

Хьешашка маршалла а хоттуш, вистхилира Хож-Бауди.

Суна чIогIа хазахета шу дерриге а кхузахь цхьаьна гуш. ХIокху суьйренна кечйина масех керла байт ю сан. Уьш ас шун кхиэле йохкур ю тахана. Иштта, даггара баркалла ала лаьа шуна, кхоллараллин новкъахь суна дика накъостий, хьехамчаш, тешаме доттагIий хилла дIахIиттарна. Къаьсттина баркалла ала лаьа суна сан ешархошна а. ХIора а яздархочунна, поэтана санна, суна а чIогIа маьIне ду сан кхолларалла езаш, цунах пайдаоьцуш ешархой хилар, – элира юбиляра.

Къоначу шерашкахь дуьйна хилларш, лелларш дагалоьцуш, дуьйцуш хаза дIаяьхьира суьйре.

ДУТУЕВА Макка
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: