Ешарна тIедоьрзуш ду

«Ешар модехь ду! Еша массанхьа – еша маьрша!» – иштта кхайкхам бина Инстаграмерчу шен агIонехь Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Iайшата.

«Иза хьехам хилла а ца Iаш, культурин министерствос вайн республикехь дIакхайкхийна керла болам (флешмоб) бу. Адамо книга йоьшуш йолу пхи эзар шо хан ю. Ткъа хIинца дуккха а аудиокнигаш а, соцсеташ а ю. Делахь а, книга кара а лаьцна, и ешаро санна, цхьана а гIирсаша адам кхиа ца до. Хьехархо, хьехамча, дика доттагI – иза дерриге а – книгех лаьцна ала мегар ду», – яздина I.Кадыровас, – Адаман ойла а, амал а нийса кхиорехь книго доккха дакъа дIалоцу. Цундела Нохчийн къоман А.Айдамировн цIарахчу библиотекин фонд кхин а тIеюьзна оха, – билгал а доккхуш.

«Ас хазахетарца совгIат дина Къоман библиотекина, дуьненахь а евзаш, даима а ешархоша хоьттуш йолу книгаш яларца. Поэзина гIоьналлин суьйренехь гулдинчу ахчанах эцна яра и книгаш. ХIинца библиотекин терхеш тIехь ю дуьненан Iилманчаша а, тоьллачу наха а хьекъал, аьтто болуш хилархьама, вайга еша бохучу литературин цхьамогIа книгаш. Библиотекера шайна езза книга цIа а хьой, еша. ТIаккха шайна оцу книгех хетарг язде Инстаграмерчу шайн агIонехь, хIокху #читатьэтомодно хэштэгаца билгал а яккха шайн пост. Боламан дакъалацархошна юкъахь уггаре а тоьлларш схьакъастор бу, тхан книгийн клубе кхойкхур бу», – дийцира культурин министран хьалхарчу заместитела.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: