Берийн лоьраш хаарш тӀедузуш бу

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон куьйгалло лерринчу тергонехь латтош ду берийн могашаллаӀалашъяран хьаьрма кхиор.

Къаьсттина, республикин Педиатрин службин болх лаккхарчу тӀегӀане баккхаран Ӏалашонца нохчийн берийн лоьраша жигара дакъалоцу тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу конференцешкахь а, семинарашкахь а, конгрессашкахь а, говзалла лакхаяккхаран курсашкахь а.

Россин а, Европин а тоьллачу говзанчаша-берийн лоьраша докладаш йо цигахь кхузаманан таронашца цамгар талларан а, цунна дарба даран а некъаш, хьесапаш довзуьйтуш.

Циггахь таро хуьлу дуьненахь а евзаш йолчу фармацевтикин компанийн гайтамашка кхача.

Инстаграмехь йолчу шен агIонехь Э.Сулеймановс билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикин берийн лоьрашна шайн хаарш тӀедузуш, говзалла лакхаяккхаран курсашкахь а, практикин стажировкехь а хила маьхза аьтто а бина, дика хьелаш а кхоьллина. И мелехь долу гIуллакх Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондо, шена тIелаьцна, шайн чоьтах дойтуш ду вайн больницашкахь а, дозанал арахьа а».

Иштта, Е.Глинкин цӀарахчу Берийн клиникин республикин больницин 17 лоьрех цхьаьнатоьхна тоба Москварчу берийн клиникин В.Е.Морозовн цӀарахчу больницехь стажировка дӀахьош ю.

Лоьрийн тобанан куьйгалхо ю республикин могашаллаӀалашъяран министерствон аудиторийн тобанан куьйгалхо Идрисова Аминат.

В.Е.Морозовн цIарахчу больницин коьртачу лоьро Горев Валерийс, хаза гӀиллакх хӀоттош, тӀеэцна нохчийн лоьраш.

№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: