Кегийрхой диканна ир-кара хIиттийра

lastchguапрро

Мехала а, Делера ял хир йолуш а ду муьлхха Iилма Iамор, ша карадерзийначу Iилманца адамашна пайдехь хила гIортар. Къилахь а, маггане а мегар доцуш ду нехан барт бохор, харцдерг дийцар, питанаш даржор. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а аьлла харцлийнарг шен умматах вац. Цунах а, дуккха а кхечунах а лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

«ХIора бусалба стаг хама беш хила веза шен къоналлех, могашаллех, маьршачу хенах. Уьш Дала вайна делла ниIматаш ду. Оцу ниIматех Дела резахинволчу агIор пайдаэца беза. Оцу ниIматех нийса пайдаэцар ду Iилма Iамор. Iилма йоккха хазна ю. Цунах нийса пайдаэцаро сийлалле кхачор ву. Iилма долчунна бен хуур дац бакъдерг харцдолчух къасто, диканиг вуочух къасто. Дала адамех бина къинхетам бу Цо доссийна Сийлахь Къуръан. Иза ду вайна нийса некъ хьоьху къилба. И Iамо деза. Цунах ваза веза. Цуьнга ладогIа деза. ТIаккха галдевр дац», – бохура Р.Дадаевс.

Цо студентийн тидам къаьсттина тIебахийтира Iехабеллачу, тилабеллачу нехан боламаша дуьйцучуьнга ладогIа, царна тIаьхьа а хIиттина дакъаза довла (кху дуьненахь а, эхартахь а) мегарг цахиларна. Iелам стага буьйцуш берш дерриге а дуьненарчу бусалбанашна бале бевлла «Иблисан пачхьалкх», «Боко хьарам» боламаш а, экстремисташ а, вахабиташ а бара. «Цхьа зуламдай бу, бусалба динан кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, кегийрхой харц новкъа ийзош, церан кхетам талхош, хье «дIахьош». Дукха хьолахь и нах бусалба динца догIуш хIума долуш ца хуьлу. Цара юьхьарлаьцнарш политикин Iалашонаш хуьлу», – чIагIдира Дадаев Ризвана.

lastchgu

Тахана вайн юкъараллехь даьржина Iеса дукха хIуманаш ду. Царна тIаьхьаваьзнарг вайн динна гена волу, цуьнан дика гIуллакхаш дойъу цара. Иштта дIадолхахь Къематан халачу, доккхачу дийнахь дика Iамалш йоцуш биса тарло гIийбат деш берш, питана даржош берш, эладитанаш дуьйцуш берш, нехан барт-марзо йохош берш. Къаьсттина лазаме долу адамашна юкъахь цабезам, жахьталла, харцдерг даржор, нахах кхардар, нах аьшнаш бар.

«Бусалба дино доьхкуш ду (хьарам деш) харцдерг, доцург дийцар, гIийбаташ, бухтан дар, нахана тIехьашха лер. Адамашна дIора маьIне а ца хета иза. Амма иза доккха къа ду. АллахIана дезна доцу, Цо малеладе баьхна хIуманаш ду вай лакхахь дагардинарш. Царах лаьцна дийцина шен хьадисашкахь Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а. Уьш хазаза кху чохь цхьа а хир вац», – бохура департаментан директора.

Цул тIаьхьа Р.Дадаевс, вайн халкъан дIадаханарг дага а доуьйтуш, дийцира Кавказехь тIом болчу муьрехь а, цул хьалха а, тIаьхьа а вайн эвлаяаша нохчийн халкъ нийсачу некъа тIе кхойкхуш, гIиллакх, оьздангалла, эхь-бехк лардаре кхойкхуш  бинчу балхах лаьцна. И бахьанехь уьш махках баьхна. Царна тIехь Iазап, гIело латтийна. Амма царах цхьа а тIарикъатан цIеначу некъа тIера дIа ца хьаьвзина. Доккха собар, доккха ийман хилла вайн эвлаяашкахь. ЦIена, къинхетаме хилла церан дегнаш. Уьш бахьанехь Iалашделла Нохчийчохь бусалба дин. Церан сий-ларам бан беза къоначара, церан зераташка лела деза. Оцу езачу меттигашкахь дог-ойла цIанло, дагна хьаам хуьлу.

Вайн халкъана лазаме долчу кхин цхьана гIуллакхах лаьцна а хилира кхузахь къамел. Наркотикашна дуьхьал къийсам дIабахьарца доьзна дара иза. ТIаьхьарчу шерашкахь дуьненахь чIогIа даьржина наркотикех пайдаэцар, иза дIасаяхьар, йохкар, эцар. Цунна дуьхьал дIахьош болу къийсам жигарабаьккхинехь а, цуьнца шайн бахам стамбеш болчара тIеттIа керла кепаш, некъаш лоьху наркотикаш яржон, цаьрга кегийрхой а, кхиазхой а марзбан. И лазар-ун Нохчийчу а кхаьчна. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттина боккха тидам тIебахийтина наркоманина дуьхьал луьра къийсам дIабахьарна. Цо  х1инцале дикачу жамIашка а кхачийна. Вайн регионе наркотикаш йохьуш долу, дерриге а ала мегар долуш, некъаш дIакъевлина. Оцу хьолехь а наркоманаша гечонаш лоьху наркотикаш эца, царах кхета. Цундела кхин а лерина дIабахьа беза кегийрхой кхетош-кхиоран болх. Ткъа иза ерриге а юкъараллин гIуллакх хилла дIахIотта деза. Шайн нийсархошна дика тIеIаткъам балур бу студенташка, кегийрхошка. Оцу таронех пайдаэцарна уьш ир-кара хIиттийра Р.Дадаевс.

Цхьаьнакхетар дерзош, цо дийцира карахь болчу ШаIбан беттан а, тIебогIучу Рамадан беттан а, оцу беттанашкахь йинчу Iамалан а, динчу Iибадатан а дозаллех лаьцна. ХIокху баттанашкахь ницкъ ма-кхоччу алсамдаккха деза Далла гIуллакх дар, цу юкъахь тасбихьаш дешар, зуькарш дар, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкар. И болх бар дийхира цо студенташка.

Кхузахь вовшахкхеттачара леррина ладуьйгIира Р.Дадаевн къамеле, хьехамашка. Иза хаалора кегийрхойн ойланаш диканна ир-кара хIиттина хиларехь. Делахь-хIета хIара цхьаьнакхетар шен Iалашоне кхечира.

С.ХАСАНОВ

 № 62, шот, 6 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: