Оьрсаша боккхачу сайх «лось» олу. Шиъ ах метр лекха а, кхо метр деха а ду цуьнан дегӀ. Шовзткъа пунт гергга ю цуьнан йозалла.
Цхьана хенахь, Европин, Азин, Ӏамаркан хьаннашкахь хуьлуш бара и шатайпа боккха сай, таллархоша хӀаллакбина дӀабаллалц. Ткъа Швецехь а, Норвегехь а, Уралехь а, Уссурийн крайхь а, хӀинца а дукха ду уьш.

Боккха сай – иза хьуьнан даьхни ду. Цхьана меттехь дац цуьнан дажар.
Хьаннашца кхерста иза. Аьхка буц юу, къаьсттина дарбане бецаш юу цо. Ялташна новкъарло а ца йо. Адамаша кечдина цхьа а тайпа докъар а ца дуу, ша мел меца хиларх.
Боккха сай адамах ларлуш бу. Бакъду, оьгӀазбахана а болуш тӀеӀоттабелча, иза адамех лета, амма иза наггахь бен хуьллуш хӀума дац. Боккха сай ган атта дац, цуьнан само чӀогӀа хиларна.
КӀорга ло диллича, дӀасалела хала хиларна, Ӏа доккхуш, цхьана меттехь совцу уьш. Муьлхха а шело а, дарц а, йочана а лало цаьрга. БархӀ я итт корта хуьлу церан цхьаьнакхетта бажа.
Шайн руьйта даа гӀа а, генаш а долчу метте, хьуьна чохь хӀоттайо цара. Толлан чкъор дукха деза царна. Хьун хьаькхначу меттехь тӀекӀал ехкина дечигаш ерриге а йожу цара дӀаса а керчош. Цундела хьун хьокхуш болчара, шаьш охьа ма-еттара юьту уьш.
Ша цхьаъ къаьсттина кхерсташ Ӏедал ду сайн. Хиш, Ӏаьмнаш лаьттинчу тогӀешкахь, диттийн кондарш, маргӀал долу меттигаш еза цунна.
Адам а, говр а чекхдалалур доцчу Ӏаьмнашкахула а, хотталхула а атта лела иза. Лекхачу настарша а, шуьйра яьржина йолчу бергаша а гӀо до цунна ишттачу меттигашкахула лела. Цуьнан мостагӀех цхьаъ – гора (слепень) бу. Горанах чӀогӀа кхоьру иза, хӀунда аьлча, цуьнан мерӀуьргашна чу а боьдий, зирх тосу горано.
Оцу зирхах кхоьбарчий (трихиноз) хуьлу. Цара (кхоьбарчаша), чӀогӀа сагатдеш, ницкъ бо цунна. СадеӀарна новкъарло а йо. Царах, садукълой, леш меттиг а хуьла боккха сай. И кхоьбарчий кхиъна евлча, дӀатасаеллачуьра охьаоьгу, тӀемаш а довлий, юха а горанаш хуьлу.
Кхоьбарчий хи чу эгча ле, ткъа боккха сай хи дезаш хьайба ду, нека дан а хаьа, хи буха а лечкъа, цу бахьаница аьхка дукхах йолу хан хи чохь йоккху цо.
Берзалойх а ца кхоьру иза. Шена цара го бича, боккха сай цхьана дечигах букъ а тухий, берзалошна дуьхьал а боьрзий дӀахӀутту.
Ша онда хиларна, цо мийра тухий йоь борз, цундела уьш цунах ларло.
Сибрехарчу таллархойн оцу хьокъехь кица ду: «Чанна талла воьдуш мотт кечбе, боккхачу сена талла воьдуш каш кечде».
Иштта боккха а, онда а бу боккха сай.
КАНТАЕВ Абу
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де